ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн Iалам лардан гIерта пIаьнгазой


Georgia -- Pankisi gorge. Tbilisi, 26Mar2018
Georgia -- Pankisi gorge. Tbilisi, 26Mar2018

ПIаьнгаз чIожера бахархой кIиран дийнахь арабевллера митинге. Дуьхьалонан акци дIаяхьаран бахьана дара, Баркиани олучу, нохчий бехачу ехачу юьртана йистехь Iедалша хица ток йоккху станци (ГЭС) ян лерира хилар. Бахархошца цхьаьнакхетар дан баьхкина хилла и станци елла гIертачу компанин векалш. Баккхий къийсамаш бевллера церан цигахь. Цхьанна а кепара шайна пайде хир ду аьлла ца хета пIаьнказхошна ток йоккху станци шаьш долчохь йича.

Цуьнах дийцира меттигерчу журналиста Бордзгор Сулхана: "Оцу юьртана уллехь еш ю цара и ГЭС. Цундела бара нах дуьхьалбевлла. Цигахь охьадогIу Алазань хи биргIанаш чудерзийна. ЧIара а, хи а ша мел долу хIума хIаллакьхуьлуш лаьтта. Цигара бахархошна цхьанна а агIор пайда беш хIума дац иза. Иза йойтур яц аьлла барт хилла нехан".

Массийта ГЭС ю Панкисехь кху тIаьхьарчу 10 сов шарахь йина. 2005-чу шарахь инцидент а хиллера Хадори цIе йолчуьнца. Шайн лаьтта тIехь йинчу оцу ГЭС-о шайнаток оьшучу барамехь луш яц аьлла цунна гуо а бина, митинг дIахIоттийра нохчаша. ГIароллехь болчара ирах герз а диттина, совцийнера уьш.

Шайна ГЭС йича, цуьнах хуьлу зен алсам ду, хир ю бохучу санал, элира цигарчу яхархочо Маргошвили Тамарас: "Кхузахь ГЭС елла гIерташ бу. Тхуна ца еза иза. Тхуна Алазань хи дIакъовлийта ца лаьа. Цигахь тхан бераш луьйчу. Оха молуш а ду и хи. Оцу хин хIинца таллам бича, цигахь мазот карийна. Тхуна ца лаьа цигахь и ГЭС хилийта. Тхайн бераш ловзийта лаьа тхуна. И цхьаъ бен хи а дац тхан. Иза дIакъовлийта а ца лаьа тхуна".

ТIаьхьарчу шерашкахь Гуьржийчоьнан Iедалан программица пачхьалкхехь цхьа могIа ток йокху станцеш ян йолийна. Коьрта тидам бу ламанца долчу хиш тIехь уьш яр. Сванетехь а дуьхьалбевллера цунна, амма уьш шайгахьа берзийра Iедало. ХIинца, кистойн рагI ю шайн бакъо къовса. Меллалц тоьар бу уьш гур ду тIейогIучу хенахь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG