ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:11 0:00
Линкана тIе

Кху деношкахь оьрсийн маттахь зорбане яьлла "Кистойн Iадаташ" (Адаты кистин) цIе йолу книга. Цуьнан автор ву Гуьржийчоьнан ПIаьнгазарчу бахархойн Къанойн кхеташонан декъашхо, яздархо а, хьехархо а волу Хангошвили Хасо.

Хангошвили Хасо.
Хангошвили Хасо.

Хангошвилис билгадаккхарехь, "Кистойн Iадаташ" дуьххьара гуьржийн маттахь зорбане яьллера Тбилисехь 2015-чу шарахь. Цу тIехь болх беш ша юьхьарлаьцна хиллачу Iалашонех лаьцна иштта дуьйцу цо.

- Вайн дайша лелийна Iадаташ а, Iедалш а хан йолуш юкъара дIадолуш ду. Уьш кегийрхошна довза а ца девза. Цундела, иза вайна юкъара дIа ца далийта а, кегийрхошна довзийта а, иза латтийта а (Iалашо яра сан). Вайн къам кхечу къаьмнех къастуьйтуш долчу оцу Iадаташа латтош ма ду вайгахь стогалла а, къонахалла а, яхь а, юьхь а, оьздалла а. Иза вайна юкъара дIа ца далийта, иза дагалаьцна вовшахтоьхнера ас вайна юкъахь лаьттина долу хIуманаш.

- 1962-чу шарахь хьо деша хIоьттина хилла Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн университете. ДегIастанахь беха нохчий шайн леларца а, синкхетамца а башхалла йолуш хетарий хьуна, Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазахь бехачу вайн нахах?

- Дуьххьара со цига вахнарг 1960 шо дара дIадаханчу бIешеран. Нохчий Сибрехара цIаоьху хан яра иза. ГIалийтехь уьш кIезиг а бара. Уггаре хьалха сан тидам тIебаханарг дара вай вовше болу безам а, ларам а, вежарий хилар а, йижарий хилар а.

Иза чIогIа лаьтташ дара. Бакъду хьуна иза, эрмалой а, гIазакхий а дукха бара цигахь. Нохчий гуш а ца хилара. Хезаш а ца хилара вайн мотт буьйцуш. Амма, бакъ ду, дов иккхина хIума нисделча, лаьтта бухара схьаваьлча санна хьуна улле дIа-м хIуттур вара цхьаъ, вайн нехан стаг вуй хьо, олий. Кхузара дIадахана тхой а, цу бухахь болу уьш а - тхуна юкъахь цхьа а башхалла яцара оцу хенахь.

- Ткъа тахана ши тIом хиллачул тIаьхьа къаьсташ буй Нохчийчохь беха вайн къомах болу нах а, ПIаьнгазахь беха нохчий а?

- Со цигахь, (тIаьхьарчу хенахь) цига вахана хилла вац, амма цигара схьа хабарш дохьу, вайн кхузара цига дIабахана Iаш берш а, цигара схьабаьхкина Iаш берш а юкъаметтигаш латтош ма буй. Цара дийцарехь... (Нохчийчохь) хьалха хилла нохчий бац боху цара. Бовза а ца бевза уьш боху цара. ЧIогIа хийцаделла, боху адам.

Хийца адамаш кхузахь а делла, нийса дерг ала деза. Шен хене хьажжина цу хено схьамадохьий дерриг а. Амма цигахь чIогIа хийцаделла аьлла хабар ду... Вайн хьалха хилла нохчий а, хьалхалера нохчийн оьздалла а... и хIуманаш чIогIа гена девлла-кх аьлла кхийтира со. Цунах чIогIа дог эшна а ву со, хьуна бакъдерг дезахь.

- Шина тIамо Нохчийчуьра адам вуно хийцина хилар ахь санна билгалдоккху, цIера бевлла дикка хан яьккхинчул тIаьхьа юха цига кхаьчначу вайн наха. Бохийна Сибрех бахийтина 13 шо даьллачул тIаьхьа мел хийцабелла карийнера ПIангазарчу нахана 1960-чу шерашкахь цIабирзина нохчий?

- Кузахь Iаш берш ломара охьабаьхкина бара. Цхьанаметте охьа а хевшийна, кхечу (меттигерчу) бахархойх дIа ца уьйш, дайша цигара схьадеънарг чIогIа лардина дара. Амма 13 шо Казахстане дIабахийтина хIаллак хуьлуш къаьхьа даьккхинехь а цIабирзича вайн Iадаташ а, оьздалла а, стогалла а, яхь а цаьргахь йолуш яр-кх хьуна, кхин башхалла йоцуш.

ПIаьнгаза, Дуиси.
ПIаьнгаза, Дуиси.

- Ахь хьайн книгина "Кистойн Iадаташ" аьлла цIе тилларна дегабаам бина нах хила а мега иза ешархошна юкъахь. Цаьрга хIун эр дара ахь? Нохчех дIакъаьста ойла йолуш аьлла ма доций ахь иза?

- Дера дац! Ас сайн дешхьалхенехь аьлла му ду иза. Кхузахь кистой олу нохчех а, гIалгIайх а. Ас книга гуьржий маттахь язйинан дела, гуьржашна иза довзийта а, иза юьхьарлаьцна а "кистой" аьлла ас. Цхьа иттех юрт ю тхан кхузахь (ПIаьнгазахь), муьлхха а бере дIахатта, хьо мила ву алий, нохчи ву ша эр ду цо.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG