ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцонца нахера 35 миллион сом даьккхина зуда 7 шаранна набахте хьажийна Нохчийчохь


Саралиева Марина ю бехке йинарг. Амма цунна гIо дина Iедалхой арахь бисина.

Кху деношкахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело ца хуьйцуш битина, Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхелан сацам. Иза боьзна бу меттигерачу яхархочун 7 шо тохарца боьзна. Саралиева Марина бехке лаьрра, нах а Iехош, пенсеш а, кхидолу социалан хьашташ тадийра ду бохуш, цаьргара 35 миллион сом даьккхина аьлла.

Талламхошна билгаладаьлла боху кхело шен хаамехь, оцу зудчо, муьлш бу къаста ца беллачу нахаца тобанехь и зулам дина хилар. ХIинца иза шена тоьхна хан такха дIахьажийна набахте.

Нах Iеха а беш, цаьргара даккхийн ахчанаш даьхна Саралиева Марина санна берш кIезиг бац махкахь. Iедалан кара а бахана, набахте хьажийна а бу, амма арахь, паргIат леларш а бисина.

Доккхачу декъана и нах, цхьана а хIуманах озалуш а боцуш, майра лела зуламийн новкъахула. Цара дуьйцучу хазчу къамелах Iехабала бу тахана а дуккха а нах.

Масала, Нохчийчохь дукха а меттигашкахь: пенаш тIехь а, урамийн бIогIамашна тIехь а дIадиттина кехаташ ду, нанойн капитал оьцу шаьш бохуш. Ала догIу, иза дохкар низамо магийна ца хиларал сов, иза дечу стагана таIзар ду догIуш.

Ткъа и документ оьцу шаьш бохуш дIадиттинчу кехаташ тIехь телефонаш а ю, дIатоьхча дуьхьал майрра къамел а до цара. Иза тамашийна ца хета шена боху юкъаралхочо Азимов Валида. Нанойн капитал а, пенсеш дохуш а юкъахь лелаш дуккха а нах бу, боху цо.

Азимов: «Тахана нанойн капитал оьцу шаьш бохуш дукха а меттигашкахь дIадиттина кехаташ ду. Дукха наной белха а бина цара цу тIехула. Нохчийчохь хIуа а духкуш а, оьцуш а ду».

Нохчийчохь жигара тIом чекхбаьллачул т1аьхьа баьржира цхьацца бозбунчаллаш лело нах. Уьш юкъахь боцуш цхьа а хIума дIадоьдуш дацара: ян пенси хIоттор а, я компенсаци эцар а. Кхеташ ду, уьш шаьш-шайн хьуьнарца лелаш боцийла.

Царна гIо деш, кхечу дешнашца аьлча, «тхов беш» Iедалхой буй. Цунах лаьцна дийцира Соьлж-ГIалара вахархочо Абдулаев Майрбека.

Абдулаев: «ХIара хIуманаш мегаш дац бохуш, массо а агIор кхайкхош доллушехь, цу бозбунчалхойн терахь лахлуш дац. ХIинца и зуда ша ю жоьпе озийна. Цхьана стаге, зудчунга-м муххале а даккхалур дац нахера 35 миллион сом. Цуьнца хилла болу Iедалхой а бара улле охьаховшо безаш».

Нохчийчохь меттигера бозбунчаш хилла а ца Iа. Ша мерзачу хIуманна тIе мозий санна схьагулло кхузахь цу тайпа нах. Стохка цомгуш долчу берашна гIо дан ахча гулдеш ву ша аьлла веанера Краснодарера вахархо Степанов Алексей. Цунна ахча тосур долуш а хиллера дуккха а нах, амма дукха хье ца луш, схьа а лаьцна, цхьа бутт хьалха 3 шо а тоьхна, набахте хьажийна иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG