ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударийн бакъонаш ларъян а, шайна дуьхьал хиллачарна амнисти ян а тIелаьцна «Талибана»


«Талибанан» официалан векал МуджахIид Забиулла. Кабул, Марсхьокху-беттан 17 -гIа де, 2021 ш
«Талибанан» официалан векал МуджахIид Забиулла. Кабул, Марсхьокху-беттан 17 -гIа де, 2021 ш

ТIалибашна дуьхьал лаьттинчарна амнисти кхайкхон а, зударийн бакъонаш Iалашъян а, терроран тIелатаршна Афганистанах плацдарм ца хилийта а ваIда дина «Талибана». ТIалибаш Iедале кхаьчча Iадийна дуьне а, махкахой а шайх тешочу информаци кампанин гурашкахь дина ду и дIахьедарш, яздо оьрсийн Свобода Радионо.

Шинарин дийнахь болх бан йолаелла Кабулера аэропорт, арахьара мехкийн бахархой а, шайца белхаш бинарш а чуьра арабохуш дуьненаюкъара рейсаш йолийна. Оршотан дийнахь совцийнера кеманаш, эзарнаш овхIанхойх пачхьалкхера бовда дагахь аэропорте дIахьаьдча.

Шинарин дийнахь Кабулан урамашкахь тийна дара. ТIалибаша ха латтош дара гIалахь, дукхахболу бахархой чохь дIатийнера, туьканаш къевлина яра.

ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла.

Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

"Тхуна ца оьшу чуьра а ярахьара мостагIий", - аьлла хIинццалц тийна IиIначу МуджахIида.

Афганистанан Iедал дIалаьцна «Талибана», малхбузера пачхьалкхаш ойланашкахь ю, ткъех шерашкахь дуьхьало латтийначу исламистийн гIаттамхошца кхин дIа а къийса оьший-те бохуш.

«"Талибана" дуьненна дIагайта деза, шаьш муьлш ду а, шаьш хIун лелон дагахь ду а", - таьлла репортерашка къоман кхерамзаллехула КIайчу цIийнан хьехамча волчу Салливан Джейка.

Евробертан арахьарчу политикан урхаллан куьйгалхочо Боррель Жозепа дIахьедина, Афганистанна тIехь цара урхалла схьаэцначул тIаьхьа тIалибашца блокан къамел дан дезар ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG