ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс дийцарехь, зуламаш даран терахь уггаре а лахара ду Нохчийчохь


Нохчийчура полицин белхахой.
Нохчийчура полицин белхахой.

2016-чу шеран жамIашна хьажийна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь хиллачу кхеташонехь Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра полисхоша бинчу белхана. Цу хьокъехь терахьаш а далийра цо. Оьрсийчохь зуламаш даран терахь уггаре а лахара ду Нохчийчохь.

Цу терахьашца а догIуш, нах байар 33 процентана, адамаш а дойуш некъан бохамаш хилар 8 процентана, кхиазхоша зуламаш дар 42 процентана лахделла Нохчийчохь.

Полицин кхерчехь хиллачу кхеташонехь йоккха меттиг дIалецира терроризмана дуьхьал бо болх бийцаро а. Массо а агIора тIетаьIна хилар даре дира цигахь. Оцу тIегIанера терахьаш а ду даккхий.

Кадыровс дийцарехь, цхьана шарахь 17 тIемало вийна, 19 дIалаьцна Нохчийчохь.

Нохчийчохь дуккха а шераш ду могIарера зуламаш кIезгаделла. Машенаш идош яц, нехан чу а лелхаш, я чубуьйлуш талораш деш дац. Кегий къоланаш деш дац. МогIарерачу стагана ваха-ван паргIат ду Нохчйичохь бохург даре до бахархоша.

Веданан кIоштара вахархочо Абдурзаков Аюба къаьсттина тидам бо, машенаш идош ца хиларна. Иза коьрта билгало ю махкахь къепе хоттарна элира цо.

Абдурзаков: «Ас сайн машен цкъа а къовлуш а яц-кх. ДогIа кхеташ а ю хьуна иза. Вайн гIалахь суна наггахь бен ца хезна машенна чукхевдина олуш. Иза а хан мел йолу хезара а дац».

Нохчашна дукха дика дагайогIу арахь машен дIахIотто йиша йоцу зама. Петарш чохь бехачара леррина меттигашка дIахиттайора уьш, йовда ца ейта. Цхьаболчара, диттах зIе а тосий, дIайоьхкура, кхечара машенна тIе тоькан серий даладора. МогIарерачу къоланех даккхий зуламаш а девлла, нах байина а, вовшашна герзаш диттина а меттигаш а нислора.

Иштта къепе муха хIоьттина Нохийчохь, аьлла хаттарна цхьа жоп ду бахархойн-Iедал чIогIа а буьрса а хилар. Цхьацца нах къийса а ло, иштта тIехсов буьрсалла ца хилча, нохчий мегар барий теша, аьлла. Цуьнах шен жоп ло Ведан кIоштера Абдурзаков Аюба.

Советан заманахь дуьйна Iамийна ду вай Iедалах кхера.

Абдурзаков: «Суна схьахетарехь, тIаьхьара бохурш кхетта хила а мега, я и мел йолу жоьлгаш Оьрсийчу дIаяхана хила а мега».

Юкъаралхочуьнан Акбулатов Нурдин шеко яц, Нохчийн юккъараллехь, дикачу агIора хилла боху и хиийцамаш, лакхара охьабечу Iаткъамо бина хиларх. Советан заманахь дуьйна вай Iамийна ду Iедалах кхера а, цуьнан Iуналлехь даха а боху цо.

Акбулатов: «Цо иштта бахахь иштта хир ду иза. Статистика иштта ю. Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а дукха хена дуьйна догIуш ду, тIехь Iу а лаьтташ, Iедалах кхерар».

Хьайн ма хетта ваха а, лела а новкъдерг хIун ду хьуна, аьлла цхьанга хаьттича, вукхо жоп делла: оьздангаллийн низам а, бехктакхаман кодекс а, ю аьлла.

Иштта, цхьана агIор нохчийн амалехь зуламаш дар дац а бохуш, кхечу агIор Iедалах кхерар а долуш лаьтта Нохчийчохь хоттийна къепе.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG