ГIалгIайчуьрчу кхаа вахархочуьнгара герз даьккхина

Иллюстративан сурт

ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштахь ницкъаллин структурашкарчу белхахоша сацийнера меттигера кхо вахархо чохь волу Hyundai Solaris машен. Автомобилах хьовсучу заманчохь герз даьккхина цаьргара, яздо "Интерфакс-Юг" агенталло, шен хьасташна тIетевжина.

"Эккажакъонгий-Юьртарчу цхьана урамехь полисхойн тидам хиллера, шеконашца цхьанна тIехьа терго латточу тобанах. ТIебахначу полисхоша шайга кехаташ хаьттича, дуьхьалбевллера уьш. Кхуьй а дIалаьцна хилла ницкъахоша. Ткъа церан машенех хьовсучу хенахь "Калашниковн" автомат а, "Макаровн" тапча а, патармаш а, урс а хааделлера салон чохь", - дийцина оцу хьастанаша агенталле.

Дукха хан йоццуш Эккажакъонгий-Юьртахь тайпашна юкъахь иккхинчу девнехь бехкехиллачу цхьаннан гергара нах хилла и кегийрхой, хаамийн гIирсо дийцарехь.

Дагадоуьйту, ГIалгIайчуьрчу Эккажакъонгий-Юьртахь герзаш детташ, конфликт иккхира цигахь дехачу шина тайпан агIончашна юкъахь Зазадокху-беттан 13-чохь. Чевнаш йина цхьаъ кхелхира, лачкъийна вигира кхин а цхьаъ.