Ялтин хьаькамах леттачу нохчашка "шайн цIа гIо" аьлла

Ялта

ШарIан кхелехь дакъалаьцначу ГIирмерчу динан гонашкарчу хьастано "Подъем" гIирсе бинчу хаамца, ахгIайре тIехь гулбелла хиллера Краснодарера а, Ростов-ГIалара а, Москвара а Iеламнах. Яздо цунах лаьцна NEWSru.com агенталло. Меттигерчу хьаькамна тIелатар динчу Нохчийчуьрчу кегийрхошна кхел ян гулбеллера уьш.

"Пхеа сахьтехь ларбира авторитете болчу нохчийн лидерша бехкенаш. Шина а агIоне ладоьгIча, цара ГIирман бахархой бакъ хилар тIечIагIдира", - дийцина оцу хьосто.

Шайн махкахой бехкебинчу нохчийн лидерша, ГIирмерчу диаспоран куьйгалхочун гIовс Одесский Iумар статусах а воккхуш, оцу юкъараллан могIаршкара а дIаваьккхира, кегийрхой харцхьа лела тIехьехарна иза бехке а веш.

Цул сов, Ялтин администрацин куьйгалхочуьнан гIовсана Сайдаметов Диляверна тIелеттачара иза къинтIера а ваьккхина шайна, царах шинна регионера дIавахар тIедожийна.

Ялтина гергарчу эвлахь хилира юьйцу инцидент кху беттан 5-чу дийнахь. Нохчийчуьра баьхкинчу кегийрхоша бераш ловзучу майданахь машен маса хаьхкича, цаьргара бехк баьккхинера Сайдаметовс. Цул тIаьхьа, телефонехула кхин а гIоьнна накъостий а кхайкхина, леттера уьш Ялтин префектан гIоьнчех.