Цхьана шерачохь кхоалгIа хийцалуш ву Магасан мэр

Магас

ГIалгIайчуьрчу Магасан мэро Арсамаков Руслана шен лаамехь дарж охьадуьллуш, кехат чуделла. ВорхI бутт хан яра иза куьйгалле веана. "Интерфакс" агенталло бина и хаам, шайн информацин хьостана тIетевжина.

Стохка Гезгамашин-баттахь шен декхарш кхочушден хан герга кхаьчча, гIант мукъадаьккхинера Цечоев Беслана. Цуьнан метта дIахIоттийра Марзиев Мохьмад. Бутт баьлча шен лаамехь дIавелира иза а. Ткъа Арсамаков чIагIвира цу даржехь стохка Лахьан-беттиан 13-чохь.

Зазадокху-баттахь цуьнан бехках некъан бохам хилира. Карарчу хенахь а цу хьокъехь гIуллакх талланза ду. ГIалин администрацин пресс-гIуллакххоша харц йира, белхан машенан урхалла дийриг къаьркъа мелла хиллера боху верси. Тормозо болх ца бинера аьлла. дIахьедира цара.

Цкъачунна Магасан официалан а, республикан куьйгалхочун а сайташ тIехь бина хаам бац, мила ву Арсамаковн метта хIоттош.