"Кадыровна коьртах тIара тоьхна" Алаудинов цуьнан гIоьнча хIоттийна

Алаудинов Апти, Кадыров Рамзан, Алханов Руслан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча хIоттийна чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс лаьттина Алаудинов Апти. "Грозный-информ" агенталле бина и хаам зорбанан министро Дудаев Ахьмада.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омрица даржера дIаваьккхира 2011-чу шарахь дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин буьйранчин гIовс лаьттина инарла-майор Алаудинов Апти. ТIаьххьарчу хенахь иза наггахь бен ца нислора официалан барамашкахь – хуьлучу Iедалан, мехкан куьйгалхочун кхеташонашкахь.

Инарла-майор Алуаудинов тIаьххьара хьахийна меттиг ю Британино санкцеш кхайкхош даьржина тептар. Лондон тешна ю инарла декъахь а волуш, Нохчийчохь нах хьийзийна хиларх.

2019-чу шарахь "Новая газето" яздира, Алаудиновна хиллачу "хьовзамах" лаьцна – цо "суьрта тIехь волчу Кадыров Рамзананна бегашбеш коьртах тIара тоьхна". Ткъа ша инарлас иза бакъ дац, элира, мехкан куьйгалхочунна мутIахь хилар шен видеокъамелехь билгал а доккхуш.