Псковрчу десантхошца тIом бина ву аьлла, лаьцна Москвахь поэт Арбинин Шемал

Басаев Шемал

Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла ву аьлла, нохчийн поэт Арбинин Герман (Шемал) лаьцна Москвахь, 2000-чу шарахь Псковрчу десантхошна тIелеттачарлахь дакъалаьцна ву, гергарчу заманчохь бехкаш кховдор долуш ду цуьнга, боху прессехь. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-векалто бина цунах лаьцна хаам, яздо "Интерфаксо".

Социалан машанашкахь алссам яьржина, евзаш ю Арбининан байташ. Цо бандиталла а лелийна, иза зуламхойн тобанехь лаьттина, полисхошна кIело а йина аьлла, шеконаш ю талламчийн.
Карарчу хенахь дIахьош талламаш бу, 21 шо хьалха динчу тIелатарехь Арбинина хIун дакъа лаьцна, муьлхачу зуламашна бехке ву иза тIечIагIдархьама.

Дечкен-баттахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна тIелатар дарна бехке вечу Ганиев Рустаман гIуллакх кхеле дIахьажийна аьлла, хаамбира Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Хьежа а деш, нийса герз детташ хилла цо десантхошна тIе, талламчийн версица.

Хьалхо кхин а 14 стагна таIзар дира, яккхий хенаш а етташ, вара царлахь Украинера Малофеев Александр а.

Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, т1ехь Iазапаш а латтош, бехкаш тIеоьцуьйту оцу нахе аьлла.

Нохчийчохь 2000-чу шарахь тIамехь беллачу Псковерчу десантхошна ЖIар хIоттийра Нохчийчоьнан Iедалхоша дахначу шарахь.

Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бира 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота хIаллакйира хIетахь.