"Тутмакхийн элин" Солтахановн зудчо арздина, полицерчу хьаькамо кхерамаш туьйсу аьлла

Новосибирскехь лаьцначу нохчочун, "тутмакхийн элин" Солтаханов Бай-Iелин зудчо Солтаханова Миланас арз яздина шен майрачунна меттигерчу полицин талламан декъан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу, аьлла. Оцу хьокъехь яздо Mash Siberia ресурсо.

КХИН А ХЬАЖА: Новосибирскехь лаьцна нохчийн криминалан авторитет Бай хьалха а набахтехь хан текхна ву

Солтаханова Миланас дийцарехь, набахтехь йоккхур йолу хан лахйойла лаахь, цуьнан майра бехк тIеэца декхарево полисхочо. Иза ца дахь, берриг а доьзал чубуллур бу, бохуш, хьийзаво шен цIийнда, боху зудчо.

"ХIинца и полисхо вахана иза волчу: "Хьо цкъачунна тийна Iа, оха хьан доьзал ца хьебо. Хьо тохалушшехь я арахьарчу дуьненца зIе таса волалушшехь, я хьо беке вац аьлла дIахIоттахь, хьоьца цхьаьна чуховшур бу массо а, аьлла ", – дуьйцу Солтаханова Миланас, шайн кхо доьзалхо хилар билгал а доккхуш.

КХИН А ХЬАЖА: Новосибирскехь лаьцначу Нохчийчуьрчу криминалан авторитетна лоьраш тIе ца буьту

Цо йовзийтина кхерамаш туьйсу бохучу полисхочун цIе а – майор Рябов Александр. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Новосибирскерчу урхаллин сайто гойту Солтахановас вуьйцу полисхо баккъал а полицин талламан декъан куьйгалхо хилар. Ткъа урхалло ца йина Нохчийчуьра схьаваьллачу "тутмакхийн элин" зудчо чуделлачу орзанна комментари.

КХИН А ХЬАЖА: Федералан лехамашка велла "тутмакхийн эла" Домбаев Ахьмад

Солтаханова Милана тешна ю шен цIийнда бехке вацарх. Цо бахарехь, лацале иза балха хIоьттина хилла официалехь, дагахь хилла шен бизнес схьаелла а.

  • Хьалхо Маршо Радионо яздира, криминалан авторитетна 8 шарера 15 шаре кхаччалц хан кхачайо, иштта, пхи миллион сом гергга гIуда а ду тухуш аьлла.
  • "Криминалан тобанашкахь лахара статус йолу нах шен куьйга кIел берзо гIерташ, царна тIе цхьацца омранаш дохкуш, зуламе ламасташ даржош, криминалан девнаш дерзош, нахана тIеIаткъам беш лелар" бехке до Солтахановна Бай-Iелина, Новосибирскан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-центро бахарехь.
  • 2006-чу шарахь цхьамогIа талораш дарна таIзар дина ву Солтаханов: шен накъосташца цхьана нах бехачу хIусамашна тIелетарш деш хилла цо, мел лаххара а 18 стаг хилла цуьнан тобанехь, шайлахь милицехь а, антитерроран центрехь а белхаш бина нах а болуш, яздора "Известия" газето.