ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкахь вижа каш дац тΙемалочунна



Нохчийчоьнан муфтиято дихкина Ιедалан ницкъаша бойъуш болу гΙаттамхой махкарчу кешнашкахь дΙабохкар. Молланашна а, къеданашна а магош дац тΙемалошна тΙехь стаг дΙавуллу барамаш дΙабахьа. Оцу сацамах болу хаам бакъбира «Известия» газетехула Нохчийчоьнан муфтис Мирзаев Султана деношкахь.

Бакъду, муфтиято тΙеэцна сацам тΙех маьΙна долуш а ца нисло – Нохчийчохь а, Дагестанехь а иштта а дац тΙемашкахь байъинчу гΙаттамхойн декъеш гергарчаьрга дΙадухкуьйтуш. Амма иза низаме доккхуш тΙеэцна бац Нохчийчоьнан я Дагестанан Ιедалша цхьа а сацам.
XS
SM
MD
LG