ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемлошна гIо дина нах лецна Нохчийчохь


Ткъа сов стаг лаьцна Нохчийчохь, тIемалошна гIо дина аьлла. Цуьнах лаьцна Регнум-агенталле хаам бина Кадыров Рамзанан зорбанан сервисо. Iедалша чIагIдарехь, цу наха юург а, мерг а латтош хилла вежарша ГакаевгIар Муслима а, Хьусайна а куьйгалла дечу тIемалойн тобанна.

Соьлж-ГIалахь Шинарин дийнахь хиллачу кхеташонехь Кадыров Рамзана хаам бина, дIалийцинчерах цхьаберш шайн лаамехь гIо деш хилла тIемалошна, вукхара иза дина нуьцкъала аьлла.

Цул сов, Кадыров Рамзана харц дина, бахархой Нохчийчура дIаоьхуш бу бохург. Цо чIагIдарехь, стохка Европерчу пачхьалкхашкара цIабирзинчу нехан терахь ду 30-50 эзар стаг.
XS
SM
MD
LG