ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла премьер-министр хоржуш ву Тунисехь


Тунисехь Iедалехь йолчу исламистийн «Ан-Нахда» партино керлачу Iедалан куьйгалхочуьнан дарже хьалхатеттина чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилла волу Ларайеда Iела. Цуьнах лаьцна шен Facebook-хь йолчу агIон тIехь хаам бина цу партин лидеро Ганнуши Рашеда.

И хаам тIечIагIбина «Ан-Нахда» партин куьйгалло. Тунисехь духьалонан акциш дIайоьлхуш ю, кху беттан 6-чу дийнахь оппозицин лидер Бельэйда Шукри вийначул тIахьа. И бахьана долуш премьер-министро Джебейли Хьамидис дIасахецна министрийн кабинет, цо дош деллера керла халкъан цхьаалин Iедал кхуллур ду аьлла.
XS
SM
MD
LG