ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера шиIатийн Iедалийн, суннитийн-бахархойн юкъаметтигаш юьйлина ю


Лелхийтарийн цхьа тулгIе еана Иракъе а. Мел лаххара а 23 стаг вийна, Иракъан коьрта БагIдад гIалахь хиллачу, цхьа моггIа лелхийтаршкахь. Полицино дIахьедар дина, цхьана сохьтана юкъахь 11 оьккху гIирс иккхина, аьлла.

Иштта, мел лаххара а, итт стаг вийна Иракъан къилбаседехь йолчу Киркукехь хиллачу лелхийтарша.
ТIаьхьарчу кIиранашкахь Иракъехь алсамдаьлла ницкъ бар. ШиIатхойх лаьттачу Iедалийн а, суннийн бусулба нехан – могIарерчу бахархойн а юкъаметтигаш юьйлина ю.

Баханчу Охан-баттахь 700 стаг велла – шиIаташ, сунниташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG