ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Януковичан план къобул йина Майдано


Майданан кхеташо реза хилла Украинин президенто Янукович Виктора тIеэцначу меморандумана. Цу документаца а догIуш, Януковича кхайкхийна хенал хьалха президентан харжамаш хир бу аьлла. Цо иштта дIахьедар дина Парламентан бакъонаш алсам хилар билгалдаьккхина йолу 2004-чу шарахь хилла Украинин конституци юхаметтахIотто лаам хиларх лаьцна. Президенто иштта кхайкхам бина партешка а, парламентерчу фракцешка а «къоман тешаме Iедал кхоллар» дIадоладе аьлла. Хенал хьалха болу президентан харажамаш маца хир бу хууш дац. Хьехош дац Лаккхарчу Радан харжамаш маца хир бу а.

Януковича дина дIахьедар, хетарехь, жамI ду цо оппозицин лидершца ПIераскана буса дIадаьхьначу дагадовларийн. Цу дагадовларшкахь дакъалоцуш бара оппозицин хьалханчаш Кличко Виталий а, Яценюк Арсений а, Тягнибок Олег а. Ткъа юкъарло лелош бара Германин а, Францин а, Полшин а арахьарчу гIуллакхийн министрш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG