ТIекхочийла долу линкаш

Ханна сецна Украинера тIом


ПIераскандийнахь кхайкхийна машар доккхачу декъанна ларбо Украинан малхбалехь Iедалан эскарша а, оьрсийн сепаратисташа а, иза бохорна агIонаша вовшашна бехкаш бохкуш нисделлехь а. Вуно деза ду 2600 адам са дIадаьхьна конфликт сацорна тIехь бен болх жигарабаккхар, дIахьедина Украинан президента Порошенко Петрос. Шаьш герзаш юхаоьзнехь а, Украинах дIахада лерина хилар ца дуьту, даржийна сепаратисташа.

Оьрсийчоьно тIекаре а латтош боьду тIом соцур бу бохург шеконе дуьллу Малхбалено. Оьрсийчоьно даре ца до ша сепаратисташна гIо латтош хилар. Иза юьхьара а оьцуш, Европан Кхеташо юха ца йолу ша рогIера санкцеш кхайкхо бечу кечамех. ТIедогIучу кIиранах мехкийн лидерша дийцаре дийр ду и хаттар. Амма санкцеш ца кхайкхо а тарло, нагахь санна Оьрсийчоьно шен эскарш Украинера а, цунна гонахара а юхадахахь, боху Европан дипломаташа.

XS
SM
MD
LG