ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йоI йийначун кхел йоьду Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалахь дов хатта долийна Даурбеков Султан бехкево шен йоI ерна. Бахьана ду йоI шен лааме а яьлла, шена ма-тов лелар. Талламо далочу тоьшаллашца, нацкъарчу метте дIа а йигина, шен йоI эхье еха воьлла да, амма аьллачунна тIераяьллачу цо шега ла ца доьгIча, легаш Iаьвдина йийна цо иза.

Соьлжа-гIалин Старопромыслан кIоштан кхелехь дов хатта долийна Даурбеков Султан бехкево цо 2013 шеран Лахьан-баттахь шен йоI ерна. Бахьана ду йоI шен лааме а яьлла, шена ма-тов лелар. Талламо далочу тоьшаллашца, нацкъарчу метте дIа а йигина, шен йоI эхье еха воьлла да, амма аьллачунна тIераяьллачу цо шега ла ца доьгIча, легаш Iаьвдина йийна цо иза.

Шеггара кхел йинчул тIаьхьа, цхьана ор чу а кхоьссина, тIе нехаш хьаькхна, къайладаьккхина цо дакъа. Талламхоша билгалдоккху, и зулам дина шо кхочуш, стохка гурахь куьг бехкечо, Iедална тIе а веъна, ша динчунна даредар.

Суьдо шен хьалхарчу ладогIаршкахь къамелаш дайтина тешашка. Цара мукIарло дина, елларг эвхьаза духар лелош а яра, цхьангге ладугIуш а яцара, бохуш. Ткъа цхьамма, йийначуьнан белхан накъосто, къаро йина, цуьнан леларехь оьзда доцург шена гина а, хааделла а дацара, шен хьалхалерчу майрачуьнга юха дIаяха дагахь а яра Даурбекова Зарема, аьлла.

Суьдо муха дерзор ду йоI Iожалле кхачийначу Даурбеков Султана дов хууш дац. Бакъду бахархошна хетачух аьлча, дукхахболучара, вовшашца барт бича санна, къобалдо галъяьллачу зудчунна цу кепара кхелъяр. Иштачех цхьаъ ву соьлжагIалахо Закриев Асланбек.

Асланбек: «Амал а долуш, дас-нанас доьзалхо вуьйр вац. Хьала а, охьа а доьзалхочо аьлларг деш ца хилча, нахана хьалха юьхьIаьржа хIиттош хилча, суна хетарехь, дена магийна ду таIзар дар вайн Iедалехь. Хецца йита а йитина, хIумма ца хууш санна, кхана Iуьйранна цо цхьа юьхьIаьржо а йина, цу тIехула дар-дацара а хилла, да вуьйш, деваша вуьйш, меттиг нисьелча муха хуьлу иза? Цул а гIоле яц, кхин гена далале, цуьнгара цхьа зулам далале, сацийча».

Маршо Радио: И цхьа агIо ю. Кхечара боху, Iедалехь болучара а бехк болуш а, боцуш а нисдеш лаьтта вер-ваккхарш. Цо хIаллакбийраш тоьур бара бах…

Асланбек: «Iедало ша лур ду ша лелочух жоп, шен йоьIана тIера - дас ша лур ду. Ша вуьззина къонах волу дела дина аьлла хета суна-м цо иза. Дукха баьржина боьха леларш. ХIораммо а шен доьзалхо ишта кхерош хилча, тIаьхьара и оьзда доцург юкъара дIадер дара аьлла хета суна-м.

Йоккха юьхьаржо ма ю иза. И тIе ца яийта дина ма ду иза. Гергарчарна массарна а ма кхочий цуьнан дакъа. Кхоччуш бакъдерг хаа а хиина, ша тIаьхьакхиъча, ца ваьлла яьккхина аьлла хета суна дас цу кепара къаьхьа гIулч. Сан санна хьажам берш кIезиг бац. Ур-атталла зударша а олу, сацо да вац те и хьенех, и минех».

Юххера гергарчара цу кепара зударшна шайггара кхелаш яр Нохчийчохь кест-кеста нислуш зулам ду. Стохка аьхка 37 шо долу зуда йийнера ТIехьа-Мартанан кIоштехь цуьнан жимах волчу вашас. Бахьана - маьттаза лелар. Изза бахьана а долуш, стохка гурахь шен йиша йийра цхьана вахархочо Заводан кIоштехь а.

Лурчаха Лахьан-баттахь йийна йоI карийнера Хьалха-Мартанан кIоштан Таьнги-Чохь. Ишта зудабераш Iожалле кхачош масалш нисделла массо а бохург санна кIошташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG