ТIекхочийла долу линкаш

Маттана кханене кхача оьшу массех хьал. Иза хила беза адамашна юкъалелачу экономикан, политикан, Iилманийн мукъ. Юкъарлонан иза цахаарх духуш хIумма а дацахь, адамашна ша хьашт бацаре терра, бан тарлуш бу муьлхха а мотт.

Меттан могашаллина оьшучу хьелех ду хIара керланиг а – терахье берзийна, компьютерна бевзаш хила беза мотт.

Багахь бийцар а, кхечарна мотт марзбар а дуьсу баккхийчийн чкъорана. Амма компьютер оцу цкъорана кхин эхI-аьлла ца евза, терахье вайн мотт берзо охIла ю «компьютеран тIаьхье» - къона чкъор.

Мелла а бахьанаш леладо Нохчийчоьнан Iилманийн академино компьютерна нохчийн мотт «Iамош», клавиатура а, графика а вовшашца йозарна, меттан дошамнаш терахье ерзорна, компьютерехула лела Iаманташ кечъярна ойла тIеерзийна, сиха бацахь а, къахьоьгуш ю академино вовшахтоьхна тоба.

Делахь а, шаьш-шайлахь, цхьалха, вовшашца кхин уьйр а йоцуш, нохчийн мотт компютерца, интернетца бузуш схьа а богIу цхьаболу говзанчаш.

И говзанчаш доккхачу декъанна кегийнах бу.

Нохчийн мотт, тоъал хаарш а долуш, ма-хуьллу чу садиллина, компьютена гергабалош дика болх бина хIинцале Шеларчу программисто Бекаев Мовсара.

Дуьненан муьлххачу а маьIIехь, муьлххачу а телефонан, компьютеран, кхечу девайсийн системехь пайда эцалуш ю Мовсра хIоттийна, аьлча а, Андроиде, Виндовсе, Эпле ерзийна нохчийн дошамнаш.

Маршо Радиоца къамелдеш, программаш хIитто, шен хобби къоман гIайгIанашца, хьашташца йоза хьаьгна вара ша юьхьнца дуьйна а, элира къоначу прораммисто-лингвисто Бекаев Мовсара.

Тахана хьеннан а аьтто бу Андроид, Виндовс я Эпл системашкахь болх бечу компьютерца, телефонца дуьненаюкъарчу программаш юхкучу интернет-туканашкара схьа а эцна, Бекаев Мовсара хIоттийначу нохчийн дошамнех а, берашна леринчу «Абатах» а пайдаэца.

Муха карайола ду телефонехула я компьютерехула Бекаевс хIиттийна дошамнаш? Иза хIумма а хала дац. Цунна жоп хезийла ду цуьнан къамелехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG