ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан шенна хир ю Паралимпиада


Оьрсийчоьнан вовшахтоьхна тоба Рио-де-Жанейрохь дIахьочу Паралимпиадина юкъара яьккхинчул тIаьхьа президенто Путин Владимира дIакхайкхийна, шайн спортхошна-заьIапхошна леррина пачхьалкхехь къовсадаларш дIадахьа. Путинна хетарехь, спортан ловзаршкахь оьрсийн паралимпийцашка дакъа ца лацийтар политикан бух болуш ду.

Оьрсийчоьнан спортан министр Мутко Виталийс хьалхо дийцарединера спортхошна-заьIапхошна лерина къийсадаларш вовшахтохар. Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь дуьненаюкъарчу спортхойн-заьIапхойн комитето Паралимпийн ловзаршкахь дакъалаца юкъа ца яийтинера Оьрсийчуьра тоба. Лозаннерчу спортан арбитражан кхел а тIетайра комитетан сацамна.

Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталло Оьрсийчоьнан спортхоша допингах пайдаоьцуш хилар Iорадаккхарца доьзна бина и сацам. Бразилехь Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь дуьйлало Паралимпийн ловзарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG