ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: "Тешаман туька"


Соьлж-ГIалара араваьлла, БухIан-Юьрта воьдуш, некъ Алда чубоьрзучу меттехь ю газан шура юхку гIопаста. Рекламо бахарехь, нехча а ю юхкуш. …Амма вац тIехIоьттина гуш кхачан да – генна цхьаьнхьа телефон тоьхча бен карор волучух тера а дац иза – "тешаман туька" ю хIоттийнарг. Маршо Радион корреспонденто бехха бира тидам: стагга а вацара къайлах шура яхьа лерина – гIутакхан метта хIоттийна шабийриг а йоьллий, чу ахча а тосий, оьшшучул шура а оьций, шайн машенашка ховший, дIабоьлхура нах.

XS
SM
MD
LG