ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Депортацин инициатор Сталин ма вацара!"


Нохчийн зудчун-коммунистан Умалатова Сажин дахарх кино яккха тарлора – депортацехь дуьненчу яьлла, Соьлжа-ГIаларчу "Красный молот" заводехь сварщикан болх бина ю иза, депутат лаьттина, Горбачев Михаиле дарж охьадиллийта гIерташ, дера къамелаш дина а ю, иза хийцинчу Ельцин Борисна критика а латтийна цо, Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Советехьа гIо даьхна а ю. Тахана а жигара политикан дахарехь ю Умалатова – "Партия мира и единства" цIе йолчу партин куьйгалхочун статусехь йолчу цо дакъалоцу Путин Владимирехьа хIитточу митингашкахь, "керста дин бехдечийн меттанаш хедор" хьоьху цо.

XS
SM
MD
LG