ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан низамна дуьхьал ву нохчийн парламентан гIантда


Оьрсийчоь -- Абдурахманов Дукхваха.
Оьрсийчоь -- Абдурахманов Дукхваха.

Регионан куьйгалхо шозза бен хоржийла дац аьлла, долчу низамна реза бац Нохчийчура куьйгалхой. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина республикан парламентан гIантдас Абдурахманов Дукхвахас. Цу хьокъехь болу сацам, республикерчу хьелашка а хьажна, бан беза аьлла, хета цунна


Кху карабеаначу Мангал-беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь болх бан доладелла кIошташкахь куьйгалхой харжарна зил-доза туху низам. Цо билгалдаккхарца, губернаторш а, кIошташкара куьйгалхой а, федералан Iедало дIахIиттош а боцуш, бахархоша шаьш харжа безаш а бу, шина рожехь бен урхаллехь хила йиш йолуш а бац уьш.

Цуьнца морзах дер доцуш шайн низамаш нисдар тIедоьжна Нохчийчоьнан парламентана а. Кхечу кIошташкахь и низам тIе муха эцна хууш дац, амма Абдурахманов Дукхвахас цуьнан хьокъехь, хьем боцуш, дIахьедар дина, шайна и тайпа низам мегаш цахилар дIахоуьйтуш.

«Тхуна товш дац и низам. Тхо кийча а дац, я реза а дац иза тIеэца. Тхо кхеташ а, тхоьга кхеталуш а хIума дац, мичара долу гуттар а федералан Iедална и ши раж бохург, куьйгалхо харжарехь кIошташна а изза ши раж. Цхьа раж а яц, кхоъ а яц, пхиъ а яц, амма шиъ ю», - бохуш вара Абдурахманов Дукхаваха.

Цу керлачу низаман хьокъехь нохчийн депутатийн хьалханчо шен ойла йовзуьйтуш кехат хьажийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан гIантдега Нарышкин Сергейга а, Федералан Кхеташонан спикере Матвиенко Валентине а. Абдурахьмановс дийцарехь, и тIаьххьарниг тIетайна, политикан хьашт-дезаршка хьаьжжина, Нохчийчоь маьрша хила еза мехкан куьйгалхо харжарехь аьлла.

Вуьшта аьлча, нохчийн дупутаташ реза бу халкъо харжа веза шена куьйгалхо бохучунна, амма уьш реза бац шозза бен цу даржехь виса низамо цунна бакъо ца яларна.

Путин Владимира хьалха а теттина, стохка Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь 2-чу мур-ханна а мехкан куьйгаллехь виса Кадыров тIечIагIвина шо зама бен ца яьллехь а, иза дIаваьккхина ваьлча санна, хIинцале а Абдурахманов Дукхваха цунна орцахвийлар цхьабосса кхетош дац нохчашлахь.

Дагахь хIуъ далхаь а, парламентан спикер а, и саннарш а ца бовлу, цу кепара къамелаш ца дича аьлла хета нахана.

Бакъду, цхьаберш хадам боллуш тешна бу, кIошташкарчу цхьаболчу политикашна а, Iедалехь болчарна а лаар аьлла, керла тIеэцна низам Москох хуьйцур дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG