ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чоьхьара гIуллакхийн министралла: Нохчийчуьра МЧС-н министр дуьххьалдIа асанехула вогIуш хилла, полисхошна тIе а летта иза


Кадыров Рамзан а, Цакаев Алихан а
Кадыров Рамзан а, Цакаев Алихан а

Къилбаседа Кавказан гонашкара Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин коьртачу урхалло дIахьедина, охан-беттан 14-чохь Нохчийчуьра орцан министраллин куьйгалхо Цакаев Алихан а лоцуш, Дагестанера "Герзелан тIай" постехь хиллачу инцидентан хьокъехь бинчу талламах.

Урхаллин хаамашца, лаккхарчу даржхочун джип хилла "Кавказ" федералан трасси тIехь дуьххьалдIа йолчу асанехула йогIуш, шайн новкъа боьлхучу нахана новкъарло а йеш. Дера хьийзаш хилла машенлелорхо, полисхошка боьха мотт лебеш, царна кхерамаш тийсина, масийттаза тоьхна, ишта ведда къайлвала а гIоьртина хилла. Цундела низам дохийначунна дуьхьал ницкъ баьккхина, цуьнан куьйгех гIоьмаш тоьхна.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло цIе йоккхуш йац зуламхочун, делахь а, шаьш бинчу талламан жамIаш Талламан комитете дIахьовсийна.

Карладоккху, йуьхьанца Цакаев Алихан кхерам латтош машен йуьгучу хенахь лацарх лаьцна йаздира Кадыровна оппозицихь болчу блогерша. Цара чIагIдарца, Цакаев къаьркъа мелла хилла.

  • Оьрсийчоьнан орцан министраллин Нохчийчуьра коьрта урхаллин куьйгалхочуьнца Цакаев Алиханца кху деношкахь нисйелла инцидент "эхье провокаци" а, "спектакль" а йу элира нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
  • Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс шен телеграм-каналехь билгалдаьккхина, инцидент хилла КПП федералан жоьпаллехь йу, дагестанхойн полицино дола деш йац аьлла. ХIетте а, бохура политико, "сан йиш йац оцу хьоле цхьана а агIор тхешан МВД-н белхахойн мундираш бехйайта". Цо бахарехь бакъоларйаран органийн векалша листа дезаш ду и гIуллакх.
  • Ишта чIагIдо, инцидент хилла дукха хан йалале Цакаевна тIаьхьабаьхкина хилла Нохчийчуьра ницкъахой; цаьрца хилла мехкан урхалхочун уллорчех волу Висмурадов Абузайд а. Оцу наха дIавигира боху Цакаев, цул тIаьхьа цуьнан машен а.
  • "Агентство" гIирсана гучудаьлла, лоцучу заманчохь Цакаевс лелош хиллачу машенан номерш кхечу машенан хилар. Лоцуш йаьккхинчу видео тIехь гуш йу Цакаевн машенан марка - GMC Yukon XL- номеран билгало А899МР 95 йу. Машенийн таллам бечу сервисан хаамашца, йаздо "Агентство" гIирсо, и номер кхечу машенан йу – "Богдан" 2II0 (модель кхоьллина йу ВАЗ-2II0 бази тIехь). 2023-чу шеран охан-баттахь цуьнан долахо хилла Нохчийчуьра Зархаматов Iаьрби.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG