ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь лаьцна Нохчийчуьра МЧС-н министр нуьцкъаша дIавигира "Ахмат" тобано


Alikhan Tsakayev
Alikhan Tsakayev

Нохчийчоьнан орцан министраллин куьйгалхочун Цакаев Алиханан машен дуьхьалчу некъан асаца хехкина йоьдуш хилла, чIургаш лоьлхуьйту хIуманца сацийна хилла иза, йаздо Baza телеграм-канало цхьахволчу полисхочунна тIетевжаш. Цуьнан дешнашца, инарла лаьцнера кехаташ доцуш меллачу хьолехь а волуш, тIаьхьо цунна орцах баьхкинера Нохчийчуьра ДПС-н белхалой а, "Ахмат" декъан эскархой а.

Оьрсийчоьнан СКФО-хула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин официалерчу хаамашца, Цакаев сацийнера охан-беттан 14-хь КПП "Герзельский мост" олучехь, иза федералан "Кавказ" трасси тIехь машенаш лелачу асана дуьхьал хехкина воьдуш хиларна – урхаллехь билгалдаьккхина, машенлелорхо девне ваьллера бохуш, масеххуза полисхочун тоха а туьйхира дIалаца гIертачу хенахь, къайла вала а гIоьртира.

Инарла лоцуш йаьккхина видео зорбане йелира: цу тIехь лаххара а йалх полисхочо министр машенчуьра ара а такхавой, лаьтта охьавуьллу. ГIо кхачале хьалха а кхерамаш тийсира инаралас "уьш гора а хIиттийна" (сийсаз бийр бу) аьлла, йаздо Baza-с дIалоцуш дIакъалаьцначу полисхочун дешнашца.

Цакаев лаьцна хила мега аьлла информаци йовзийтира охан-бетта 17-хь NIYSO боламо а, нохчийн опозицин блогеро Абдурахманов Тумсос а. Церан хаамашца, министран гIоьнна баьхкинчаьрца вара республикан куьйгалхочун уллора стаг Висмурадов Абузайд а.

  • Шен телеграм-каналехь Кадыров Рамзана дIахьедина, ша "хьомсара ваша" аьллачу Цакаевс "шога низам дохийна дац", цо кхайкхамбина Дагестанан куьйгалле "полицин белхахойх "бехкеболчеран хьокъехь богIуш болу барамаш тIеэца" аьлла. Кадырос ца хьахийна Цакаев къаьркъа мелла хилла бохург.
  • МЧС-н куьйгалле вале хьалха Цакаев гIуллакх деш вара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь. 2007-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц нохчийн ОМОН-н командир вара иза. ХIетахь оцу декъо жигараллица меттигера нах лечкъош, царна тIехь Iазапаш хьоьгуьйтура. Цхьайолчу меттигашкахь Цакаевс ша дакъалоцуш хиллера, йаздира Кавказ.Реалии сайто.
  • Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс шен телеграм-каналехь билгалдаьккхина, инцидент хилла КПП федералан жоьпаллехь йу, дагестанхойн полицино дола деш йац аьлла. ХIетте а, бохура политико, "сан йиш йац оцу хьоле цхьана а агIор тхешан МВД-н белхахойн мундираш бехйайта". Цо бахарехь бакъоларйаран органийн векалша листа дезаш ду и гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG