ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Геналлера электронан кхаж тосучу системехь дакъалаца кехаташ чуделла Нохчийчоьно


Соьлжа-ГIалара харжамхойн декъехь, 2024-чу шеран зазадокху-беттан 17-гIа
Соьлжа-ГIалара харжамхойн декъехь, 2024-чу шеран зазадокху-беттан 17-гIа

Коьртан харжамийн комитете кехаташ чуделла Нохчийчоьно геналлера электронан кхаж тосучу системехь (ДЭГ) кху шеран гезгамашин-баттахь хинболчу харжамашкахь дакъалаца. Харжамашна тIехь терго латточу "Аз" боламан тергамчашна хетарехь, и бохург хила тарло, республикехь "баккхий харжамаш" хиларе сатуьйсуш хилар.

"Аз" боламо хIора кIиранах арахоьцучу бюллетенехь билгалдаьккхина, ДЭГ механизмах пайдаэца лерина хилар 24 регион, шайлахь Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а цхьаъ бен йац. Нохчийчохь муниципалан харжамаш бу гезгамашин-баттахь хир болуш.

Оцу йукъанна, бюллетенехь билгалдаккхарца, "Iаламат дукха фальсификацеш лелочу регионийн Iедалхошна маьIне дац онлайн-кхаьжанаш тасар йукъадаккхар – цара иштта а харжамашкахь Iедалшна шайн ма-хуьллу гIортор йо".

Цундела, "Аз" боламна хетарехь, тарло "дагахь доцу баккхий харжамаш регионехь хIиттон", йа Нохчийчоьно шаьш чуделла кехаташ тIаьхьо йухаэца.

Кху деношкахь "Новая газета Европо" материал зорбане йаьккхинера Оьрсийчоьнан президентан администрацихь стохка гезгамашин-баттахь дуьйна кечйеш сценарий йу, Нохчийчуьра Iедал хийца эшахь а аьлла, Кадыровн цамгар чIагIлуш хиларна. Газетин хаамашца, 2019-чу шарера схьа дуьйна панкреатит йухахьайаьлла цуьнан, зорхан йекхоьн некрозах, панкреатогенан асцитах йолчу цунах дукхахболу нах леш бу.

  • Нохчийчохь хиллачу харжамашкахь наха кхаьжнаш тасар рекорде хилла ца Iаш – 97% сов, жамIаш а цхьаьна хилла. Iедалхоша чIагIдарехь, кхузахь Путинна 98,99% харжамхойн кхаьжнаш кхаьчна. Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцу, республикин бахархоша 2000-чу шарера схьа дуьйна кхаьжнаш муха тийсира а, фальсификацеш лелор билггал Соьлжа-ГIалара схьадеана Оьрсийчохь даьржина дуй а.
  • ДЭГ системина критика йо Оьрсийчуьра говзанчаша а, жигархоша а нийсо ца лелорна а, фальсификацеш йарна а. Дистанцихь кхаьжнаш тесначу дакъошкахь жамIаш дукха хьолахь кхаьсташ хуьлу тIе а оьхуш, Iедалхошна товш болчу кандидаташна туьйсучу кхаьжнашка хьаьжча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG