ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан секретарьца "йукъарлонаш лелор" дийцаредина депутато Делимхановс


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь депутат волчу Делимханов Адама дийцарш дина ГIажарийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь волчу Акбар Iелица "къоман кхерамзаллина дуьхьалойаран сферехь йукъахь болх барх" лаьцна. Делимхановн ГIажарийчу вахар дуьххьара нисделла ду шина шарчохь нохчийн Iедалхойн исламан республикин куьйгаллица официалехь контакт хиллачул тIаьхьа.

Нохчийчоьнан цIарах депутато цуьнан жамIаш деш аьлла "чулацаме къамел" хилира шайн Гергарчу Малхбалера а, Йуккъерчу Азира а хьолах лаьцна а, "низамехь доцуш малхбалено санкцеш йукъайаьхначу хьелашкахь" шина а пачхьалкхан экономикан кхерамзаллех, ишта "ГIажарийн аймера пачхьалкхашкара тахана долчу гIуллакхех" лаьцна а. ТIаьххьара тема интересе йара шина а пачхьалкхана, санкцешна дуьхьалойарехь аьлча, йаздина Делимхановс.

2022-чу шеран мангал-баттахь хилира ГIажарийчоьнан векалийн Нохчийчоьнан куьйгаллица официалехь цхьанакхетар – хIетахь Кадыров Рамзана къамел дира ГIажарийчоьнан векалца Джалали Каземаца Соьлжа-ГIалахь. И цхьанакхетар дирзича цо къадийра шаьш дийцарединчух "Оьрсийчоьнна чIогIа пайден зеделларг хир ду санкцеша бухахь латтар" аьлла. Шена догIучунна, Джалалис ГIажарийчу хьошалгIа кхайкхира мехкан куьйгалхо.

Соьлжа-ГIалахь лахьан-беттан 1-чохь 16-гIа кхеташо дIайаьхьира Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а комиссин йохкаран-экономикан йукъарлонаш лелорехула. Оьрсийчоьнан цIарах йолчу делегацина хьалхаваьлла вара Оьрсийчоьнан вице-премьер Новак Александр. Ткъа гIажаройн хьаькамех нохчийн куьйгаллица къамелдинчийн цIераш ца йехира оцу цхьанакхетарехь. ШолгIачу дийнахь малхбузен хьасташа йаздира ГIажарийчоьно Оьрсийчоьн герз латтор алсамдаккхарх.

  • Охан-беттан 14-чу буса ГIажарийчоьно масех бIе дронашца а, ракеташца а тIелатар дира Израильна. Гергарчу Малхбалера хьал ийгIина дарах дийцаредира и тIелатар динчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарьца Патрушев Николайца – цо кхайкхамбира "собаре хила" аьлла, маслаIат дарехьа ву ша элира "къаьсттина политикан-дипломатин гIирсашца".
  • 2022-чу шеран марсхьокху-бутт бовш The Washington Post газето хаамбира, гIажаройн дронийн хьалхара аппараташ Оьрсийчу кхачарх Украинаца болчу тIамехь пайдаэца. Ткъа ша ГIажарийчоьно дуьххьара бакъдира БПЛА Оьрсийчу шаьш хьажорах лахьан-беттан йуьххьехь, оцу йукъанна дIахьедира, Украинехь тIом баккхале хьалха уьш цига новкъайаьхна йара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG