ТIекхочийла долу линкаш

Китайн бизнесхой - нохчийн лаьмнашкахь


Китай--Оьрсийчоь -- 3 миллиард доллар дайа дагахь бу Китайра бизнесхой Къилбаседа Кавказехь садоIу меттигаш йохкуш.

Китай--Оьрсийчоь -- 3 миллиард доллар дайа дагахь бу Китайра бизнесхой Къилбаседа Кавказехь садоIу меттигаш йохкуш.

Къилбаседа Кавказера курорташ кхиийта 3 миллиард доллар хиллал ахча хьажо дагахь ю Китай. Цу хьокъехь болу барт бина Пекинехь «Къилбаседа Кавказан курорташ» олучу компанино а, Dalian Wanda Group цIе йолчу меттигерчу компанино а. Китайхошна тIаьххье цу регионе шайн ахчанца кхечу мехкашкара бизнесхой богIур бу аьлла, хеташ ву, масала, Кадыров Рамзан.


Къилбаседа Кавказан курорташ олу компани цу регионехь туризман кластер кхиоран оператор ю. Вуьшта аьлча, цу компанино вовшахтухуш ю дуккха а компанеш, Къилбаседа Кавказехь садоIу меттигаш еш а, цигахь ерш то еш а.

И компани декъарелахь ю Къилбаседа Кавказехь а, Краснодаран кIоштIахь а Адыгейхь а, ломахь когасалазаш хохку а, хIурдаца аьхка садоIу а, могашалла то йон а курорташ яхка. Цулсовнаха цо шен тидаме оьцур ду транспортаца доьзна долу хаттарш а.

«Къилбаседа Кавказера курорташ» компанино юьхьар лаьцначу проектана юкъадогIуш ду 5 курорт йиллар. Хьалхарниг ю Краснодаран кIоштахь а, Адыгейхь а юллуш йолу Лагонаки олу курорт. ШолгIаниг ю Кхарачойн-Чергазийчохь юьллур йолу Архыз цIе йолу курорт. Эльбрус-Безенги юьллур ю ГIебартойн-Балкхаройчохь. Мамисон хир ю Къилбаседа ХIирийчохь, ткъа Матлас хир ю Дагестанехь.

«Къилбаседа Кавказера курорташ» компанино дийцарехь, цигарчу лаьмнашкахь 897 километр трассаш хир ду. Ткъа нах лаьмнашка хьала бохуш йолу техника хир ю 179 меттехь. И планаш кхочуш ян дуккха а ахча оьшу. Ткъа Къилбаседа Кавказ кхерамазалла ца хиларца къаьстина регион хилар тидаме эцча, кхеташ ду, инвесторш каро атта доций.

Делахь а, Къилбаседа Кавказах садоIу меттиг ярца йоьзна йолу планаш ютуш яц Оьрсийчоьнан Iедалша. Иза политикан агIор мехала гIуллакх ду аьлла, хетачух тера ду царна. И бахьана долуш, цу регионехь курорташ яхкарна юкъаозийна бу меттигера хьал долу бизнесхой.

Иштта, масала, Дагестанера проекташ йоьзна ю меттигерчу хьоладайн цIерашца бохуш, дуьйцу и хаттар шен тидамехь латтош волчу «Новое дело» цIе йолчу меттигерчу дозуш доцучу газетера журналисто Меламедов Андрейс.

Меламедов Андрей: Жимма а мехала йолу инвестицийн проекташ йоьзна ю Дагестанерчу миллиардеран, я Дагестанехь Iедалехь волчу стеган цIарца. Церан дакъа ду цу проекташкахь, ткъа цхьаерш церан ахчанах кхочуш еш ю.

Цу кепара проекташ кхочуш еш, ахча цкъа а ца хуьлу сов. Цундела кху тIаьхьарчу хенахь «Къилбаседа Кавказера курорташ» компанин векалш бара массанхьа а, шайна юкъахь Китай а йолуш, инвесторш лоьхуш. ХIинца, схьагарехь, уьш каро аьтто баьлла церан.

Китайра Dalian Wanda Group (Далян Ванда групп) а, China Oceanwide Holdings Group (Чайна Оушенуайд холдингз групп) а цхьаьна болх беш яра шайн махкахь уггар евзаш йолу Чанбайшан олу курорт еш.

Къилбаседа Кавказехь Китайрчу бизнесхоша хьешан хIусамаш а, махбаран центрш а йохкур ю. Цу белхан барам хир бу 3 миллиард доллар. Кхин а 2 миллиард доллар цигахь дайа дагахь бу Францера а, Австрера а, Германера а, Сингапурера а говзанчаш. Цара лаьмнашкахь дохкур ду керла когсалазийн трассаш. Ткъа Къилба Корейрчу Korea Western Power компанино энергица кхачо йийр ю ерриг а туристийн кластерна.

Къилбаседа Кавказан курорташ олучу пачхьалкхан компанин инарла-директоран когаметто Назаралиев Ислама дийцарехь, Китайрчу говзанчаша шайн коьрта ницкъаш тIебохуьйтур бу Таркхойн хIордан бердана. Цигахь къеда климат а, бIеннаш километрш гIамарийн пляжаш а, бовха хIорд а бу. Ткъа иза ду, цара цига хьажор долу ахча, тIе са а йолуш, юхадоьрзур ду бохург, бохуш дуьйцу Назаралиев Ислама.

Iаьржа хIурда тIера, Таркхойн хIурдана тIекхаччалц йолу Къилбаседа Кавказера курорташ болх бан йолаяла йезаш ю 2020-чу шарахь. Цу проектан 13 миллиард доллар мах бу. Оьрсийчоьно хIинцале а 2 миллиард доллар хьажийна цига.

Килбаседа Кавказехь еш йолу туризман комплексаш юкъаяхийтина ю ша-кепара йолчу экономикан зонина. Имарат Кавказан тIеман тобанаш лелаш йолу и меттиг кхераме хилар бахьана долуш, Iедало шена тIелаьцна, дагахь доццург а хилла, ахча дахь, бизнесхоша цига хьажийна долчу ахчанан 70 процент царна юха дала.

Къилбаседа Кавказе Китайра бизнесхой бахкар дика билгало ю аьлла, хеташ ву Нохчийчурча лаьмнашкахь Ведучи олучу меттехь курорт ярна гIортор еш волу Нохчийн Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Иза экономикан хилла ца Iаш, политикан а хилам бу аьлла, хета цунна. Бизнесо шен ахча ца хьажадо шеко йолчу проекташна, китайхошна тIаьххье Къилбаседа Кавказе дуьненера кхин йолу компаниш а йогIур ю аьлла, хеташ ву Кадыров Рамзан.
XS
SM
MD
LG