ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iилманча хила атта некъ карийна хилла „Владимир Гуглбергана“


Цхьаммо шен Iилман балха тIехь нехан белхаш тIера, хьостанийн цIераш а ца йохуш, пайда эцахь, иза къола ларалуш ду.
Цхьаммо шен Iилман балха тIехь нехан белхаш тIера, хьостанийн цIераш а ца йохуш, пайда эцахь, иза къола ларалуш ду.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимирс хIинцачул ткъех шо хьалха язбина хилла Iилман кандидатийн болх цуо доккхачу декъехь лачкъина бу боху хабарш оьрсийн интернет-машанехь лелаш долу дикка хан яра. ХIинца цхьа могIа Малхбузерачу хаамийн гIирсаша карладаьккхина Путинан плагиатах дерг.

Нагахь санна Малхбузехь политикех я бевзаш болчу юкъараллин декъашхойх цхьамма шен Iилман балха тIехь нехан белхаш тIера, хьостанийн цIераш а ца йохуш, пайда эцнехь, иза шеко йоцуш долу къола ларалуш ду, авторийн бакъонаш хьешар а, ткъа нагахь санна и стаг дохковаларца шегара даьллачунна къера ца хилахь, иза, цул совнаха, зуламан гIуллакх ларалуш а ду.

И хIума- шена Iилманийн докторан сийлахьа цIе яккхархьама нехан Iилман белхаштIера схьаяздар- кху тIаьхьарчу масех шарахь хийла вевзаш волчу Европерачу поликах дахна.

ТIеман министран даржех вуьйхира, масала, иза бахьана долуш немцойн канцлеран Меркель Ангелин уггаре а уллорчех волу политик Кард Теодор Цу Гуттенберг. Цунах кхаьрдаш меттигерачу хаамийн гIирсаша хIинца а Карл-Теодор цу Гуглберг олу.

ХIинца и цIе Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тиллина Малхбузерачу журналисташа. „Владимир Гуглберг“ аьлла корта болчу артиклехь немцойн „Шпигель“ журнало а, италхойн „Ля Реппублика“ газетано а дийцаре деш ду, Оьрсийчоьнан уггаре а лакхарчу гIентан дас мацах ша Петарбухехь Iаш, болх беш а волчу хенахь язбина кандидатийн Iилман болх доккхачу декъехь лачкъийна бу бохург.

1970-чу шерашкахь Цхьанатоьхначу Штаташкарчу экономикан Iилманчаша язбинчу белхан тIера схьаяздина хилла Путина шен йозанаш.
Ала догIу, карарчу хенахь немцойн а, италхойн а журналисташа карладаьккхина долу и хIума маццахехь дуьйна а девзаш дара.

Масех шо хьалха Iамеркерачу Вашингтонерачу Брукингеран университетан Iилманчаша дIахьедар динера, Путинан кандидатийн белхан доккхах долу дакъа – иза меттигерачу профессорийн Кинг Уильяман, Клиланд Девидан „Стратегикаллин план хIоттор а, политика а“ цIе йолчу артиклана тIера лачкъийна ду, аьлла.

ХIеттехь Iилманчаша билгалдаьккхира, Путинс ша язбина бу аьлла дIахьебина болчу белхан дакъош - уьш я гаррехь тIера цхьа а хийцам боцуш схьаэцна ду, я, цхьа мискъазаратталла хийцамаш а беш, шен дола даьхна ду, аьлла.
Хууш ма-хиллара, Путин Владимирс ша язбина яьлла, дIакхайкхина болу кандидатийн Iилман болх цуо 1996-чу шарахь Петарбухерачу Ламан институтехь гIарабаьккхинера.

Цу белхан цIе ю „ Йохк-эцаран юкъаметтигаш кхуьучу хьелашкахь регионерачу минералийн-сурсатийн база Iораякхаран стратегикаллин план хIоттор“ аьлла. Цу 218 агIонах лаьттачу белхан, мел кIезга а, 60 процент – лачкъийна ю, бохуш, чIагIдо Iамеркерачу Iилманчаша. Бакъду, къолан шуьйралла мелла а кIезгох юстуш берш а бу тергамхошна юккъехь – цхьаццаболчарна хетарехь Путин Владимирс лачкъийнарг 16 агIо бен яц.

Цу хьолехь уггаре а беламе дерг ду, Оьрсийчоьнан президенто къола дина ларалуш йолу Iамеркахойн артикал Оьрсийчохь 1978-чу шарахь хIетахьлерачу Советийн къайлахчу сервисан КГБ-ен зорбантехь гочйина а, зорбане яьккхина а хилар. Ткъа ша Путин хIетахь, хууш ма-хиллара, КГБ-ен эпсар вара. Цу кепара, кхин башха генахь хьостанаш лоьхуш къа а ца хьоьгуш, хаза ша болх бечу хьукматан сайранех пайда эцна хилла лакхара морала амалш йолуш хила везаш хиллачу КГБ-ен эпсаро Путина.

И дерриге а карла даьккхина хIинца Малхбузерачу хаамийн гIирсаша, тIаьхьарчу хенахь Европехь а, Оьрсийчохь а плагиаташца йоьзна гIовгIанаш алсам юьйлуш хиларца доьзна. Дукха хан яц Германин дешаран министр хилла Шаван Аннете шен ткъе итт шо хьалха язбина хиллачу Iилман белха тIехь хьостанаш ца хьахош яхкийна хилла кийсакаш гучуялар бахьана долуш министран даржах йоьхна.

ГIовгIане а хилира иштта масех бутт хьалха Венгрин президенто Шмитт Палас шен Iилман болх нехачунна тIера схьабаздина аьлла даьржина коста а. Бакъду, цуьнан каделира официала ша бехке ца хиларан тоьшаллаш дахко а, шен болх ша шен куьйга цIена язбина бина хиларх юкъаралла тешо а.

Кхин хьал ду Оьрсийчохь. Шерашкахь Путин Владимиран Iилман болх цуо лачкъийна хилар юкъараллехь дийцаре деш делахь а, хIинцалца схьа цхьана дашца а тергал ца дина я цуо а, я Кремлерачу цуьнан хьадалчаша а и хIума.

Хууш ма-хиллара, оьрсийн маттарчу интернет-машан декъехь эзарнашкахь бу луучунна кандидатийн а, докторийн а белхаш яздийр ду бохучеран хаамаш. Цу белхийн шайн мехаш а ду. Кандидатан балхах ши миллион герга доьху, докторийнчух- 4-5 миллион. Амма цу дийна цхьа зуламан индустри а хилла лаьттачу хиламца бала болуш да вац Оьрсийчохь.

Дукха хан йоцуш, бакъду, Оьрсийчоьнан дешаран министро Ливанов Дмитрийс 11 стаг церан Iилман цIарех бохийра, церан белхашкахь плагиаташ гучуялар бахьана долуш. Амма уьш бериш а цхьа могIарера пекъарш бара.

Ткъа оьрсийн Пачхьалкхан думехь 450 депутатах 200 сов Iилман цIерийн дай бу. Царех цхьанна а, - президент Путин-м вуьйцийла а дацара- Iилман белхаш талла ца хIутту я Ливанов а, я кхин болу Iедалхой а.
XS
SM
MD
LG