ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша лен цамгар кхетта ву аьлла таллам бинчул тIаьхьа спортзал чохь видео дIайазйина Кадыровс


Спортзалчохь ку Кадыров Рамзан, видео йукъара скриншот
Спортзалчохь ку Кадыров Рамзан, видео йукъара скриншот

Буьйса йуккъе йахначул тIаьхьа охан-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен социалан машанашкахь видео йаржийна шен гонерчу нахаца спортзал чохь дIайазйина. "ДегIана ницкъбаро дегI метта далийна ца Iаш, синхIоттам а ойбу", - йаздина цо, "Новая газето" шен зорхан екхоънан некроз йу аьлла, диагноз хIоттош таллам бинчул тIаьхьа.

"Спортзале лелачу шен накъосташца" йазйинчу видео тIехь Кадыров ву гантелашца болх беш, цо гойту шен латархочун корматаллаш шен гIоьнчана Даудов Iумарна тIехь. Фонехь хезаш йиш йу, "Делан къинхетамца, хьомсарниг, вахалахь гуттар а" дешнашца йоьрзу. Буьйсанна зорбане йаьккхина ролик оцу кепара кIиранчохь йина шолгIа видео йу: охан-беттан 18-чохь Кадыровс 30 секундехь видео хIоттира, ша тIулг ойбуш йаьккхина. "Кеп ларйо", - йаздинера цо хIетахь цунна бухахь.

Стохка гезгамашин-баттахь дуьйна Кадыровн могушалла эшна йогIуш хиларна Нохчийчуьра Iедал хийца дезахь а бохуш, Оьрсийчоьнан президентан администрацино сценарий йу кечйан йолийна аьлла, "Новая газето" материал зорбане йаьккхинчул тIаьхьа йаржийна йу керла видео. ГIирсан хаамашца, 2019-чу шарера схьа дуьйна панкреатит чIагIйелла цуьнан, цуьнца доьзна набаран йекхоьн некроз а, панкреатогенан асцит а цхьаьна. Оцу кепара дукхахйолчу меттигашкахь адам леш ду.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла йуха а йийца йаьккхира гезгамашин-баттахь, цуьнан кема Соьлжа-ГIалара Москва дахана, ткъа иттанашкахь нохчийн номерш йолу машенаш президентан дарбан цIенна хьалха хаайелча. Гезгамашин-беттахь Кадыровн могушалла талхар, "Новая" газето бахарехь, доьзна хиллера пехашца лазар чIагIдаларца, "Дормикум" транквилизатор совйаккхарна. Хьалхо "Эхо Москвы"радиостанцин хиллачу коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс чIагIдарехь, шахьарара дарбан цIийне валийнера Кадыров гемодиализах чекхваккха, пехашца долчу лазарца доьзна.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийтазза бакъ ца дира ша цомгаш ву бохуш дуьйцу хабарш, ша ницкъ болуш ву, дикачу спортан хотIехь ву бохуш. Цуьнан кема гезгамашин-баттахь кхузза Москва даха гIаттарх, нохчийн номершца йолу машенаш Оьрсийчоьнан президентан Коьртачу дарбан цIенна хьалха хаайаларх гIарадаьллачул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь дIайазйина ролик зорбане йаьккхира цо. "Интернетехь бакъдолчух аьшпаш къастон цахуучарна" хьийхира цо "цIеначу хIаваэ довлий дуьйлало", "шайн ойланаш меттайалайе" аьлла.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхо Москвахь хилар дIагайтира нохчийн Iедалхоша, Москвахь дарба дечу шен девешина Кадыров Мохьмадна тIехIотта Кадыров Рамзан вахча санна.
  • Кадыров цомгаш ву бохуш, хабарш долийна дукха хан йалале, гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь видео хIоттийра КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитица йаьккхина - цу тIехь цуьнан 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама йетта Журавельна. Шена йиттина аьлла, Журавеля ша дIахьедина бутт баьллачул тIаьхьа йаржийра и видео. "Могушаллех даьржина хабарш совцон" Iалашонца дуьйзира оцу видеона публикаци йар бакъоларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG