ТIекхочийла долу линкаш

Донецкехь чевнаш йиначарна юкъахь нохчий бу боху цу гIалин куьйгалхочо


Украина -- Донецкехь байинчу герзаца хиллачу сепаратистийн декъий гулдеш бу лоьраш а, меттигера бахархой а. Стиг 27, 2014

Украина -- Донецкехь байинчу герзаца хиллачу сепаратистийн декъий гулдеш бу лоьраш а, меттигера бахархой а. Стиг 27, 2014

Тахана а билггала хууш дац Донецкехь тIемаш дечу торрорахошна юкъахь нохчий бу-бац бохург. Амма хаамийн гIирсашкахь кху тIаьхьарчу деношкахь къаьсттина тIе тидам бахийтина дуьйцуш ду иза. Ткъа Донецкан мэро дийцарехь, Шинарин дийнахь террорана дуьхьал операци дIахьош чевнаш йинчу нахана юкъахь Нохчийчура нах бу.

Гуттар а чураваьлла Донецкехь терррорахошна юкъахь Нохчийчура герзхой бу бохуш, юх-юха а дIахьедарш деш ву даханчу КIирандийнахь Украинехь хиллачу президентан харжамашкахь кандидат санна дакъалаьцна волу Украинин Лаккхарчу Радан депутат, Радикалан партин хьалханча Ляшко Олег.

Кхаарин буса цо зорбане даьккхина шен тIемалоша Мариуполехь лаьцначу стеган паспортан сурт. Цу паспортан долахо ву 1961-чу шарахь Сольж-ГIалахь вина волу Юртаев Александр Петрович.

Паспорт дайна хилла хилар а, иза Ставропол-кIоштахь делла хилар а тидаме а ца оьцуш, Ляшкос дIакхайкхийна иза тоьшалла ду Украинина дуьхьал тIом беш Кадыровн нах хилар аьлла.

http://svit24.net/events/42-events/I075I4-ljashko-pryvel-dokazatelstva-chto-na-donbasse-vojujut-chechenc

Ша Кадыровс юха а чIагIдо, шен нах Украинехь бац бохуш. Нагахь уьш Украине ша хьажийна хилча уьш Донецке баха оьшуш дацара, нисса дIа Киеве гIур бара бохуш яздо цо шен Instagram-ан агIон тIехь.

«Цхьа а нохчийн эскархо а, Нохчийчура тIеман колоннаш а цигарчу конфликтехь дакъалоцуш яц. Нохчийчоь Оьрсийн Федерацин субъектех цхьаъ ю. Ткъа Оьрсийчоьнан конституцица догIуш ма-хиллара, цуьнан шен тIеман ницкъаш бац. Нагахь конфликт йоьдучу меттехь цхьанна нохчо гинехь иза цу стеган шен гIуллакх ду. Нохчий кхо миллион бу.

Уьш кхаа декъе бекъча, ши дакъа махкал арахьа дехаш ду, Малхбузехь а цхьаьна. Тхан аьтто а бац, я тхуна хаа оьшуш а дац царах мила мича воьду. Киевехь а ма ца хаара украинахойх Соьлж-ГIала тIом бан мила вахана. Нагахь Украинин Iедалш чIогIа лууш делахь «нохчийн тIеман тобанаш» Донецкехь хила, Донецке баха хIунда оьшу царна, Киеве боьдуш дика некъ хилча»- аьлла яздина Кадыровс.

Делахь а, Донецкехь кхоьллинчу "Восток" батальоно коьртеш хьовзийна дуккха а нехан. Царна моттарехь, и батальон Нохчийчохь кхоьллина хилла тIеман тоба ю, Ямадаев Сулимас куьйгалла деш хилла йолу.

2008-чу шарахь Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь Ямадаев садаIа вахийтира, эскарера дIа а ваьккхина. Ткъа Лахьан-беттан 8-чу дийнахь гIашсалттийн эскаран буьйранчан когаметта волчу Молтенской Владимиран омарца дIасахийцира «Восток» а, «Запад» а батальонаш.

Цу кепара, цу тайпа эскаран дакъа Нохчийчохь доцу 6 шо а ду. Делахь а цу юкъахь хилла нах дIакхетта йолчу Донецкера террорахойн тобано шена тиллина а хила тарло «Восток» цIе аьлла хета цхьаболчарна.

И тоба Донецк-гIала кхачар гойтуш видео ю интернетехь. Цу нахана юкъахь волчу цхьана стага олу, шаьш «кадыровцаш» ду олий. Амма иза бакъ хиларан цхьа а тоьшалла дац цу видео тIехь.

Ала деза, оццу дийнахь «Восток» батальонанан цхьа дакъа Украинин эскархоша хIаллакдина хилар. Цигахь даьхна сурташ шуьйра гойтуш ду зорбанан гIирсаша.

Амма цу байинчу нахана юкъахь нохчий бу-бац ала хала ду. Иштта тоьшаллаш дац чевнаш хилла бу бохучу нахана юкъахь нохчий хиларан а.

Шинарин дийнахь зорбанан конференцехь Донецкан мэро Лукъяненко Александра баржийна и хаам. Цо чIагIдарехь, Донецкан дарбанан хIусамашка охьавиллина ву чевнаш хилла 43 стаг. Царах 8 Оьрсийчоьнан махкахо ву, шайна юкъахь Соьлж-ГIалара а, Гуьмсера а, Москохара а бахархой а болуш.

Донецкан областехь бакъонца йоцучу герзахойн тобанашна юкъахь дуккха а Кавказера схьабевлла нах бу бохуш, чIагIдо антитерроран операци дIаяхьарх лаьцна информаци яржоран оперативан тобанан куьйгалхочо Селезнев Владислава.

Цу хеннахь тидам а ца беш дуьтуш ду Украинин Iедалшна дуьхьал тIом бан бахана Къилба ХIирийчура нах хилар. Уьш, шайн байракхаш дIа а тоьхна, блок-посташкахь лаьтташ хиларх лаьцна хаамаш бо меттигерчу блоггерша.

Амма и нах буьйцуш а бац. Цуьнан бахьана иштта дуьйцу Грани.ру интернет сайт тIехь Оьрсийчура журналисто Дубнов Вадима:

«Украинахошна оьшуш ду цигахь нохчий бу бохуш дийцар. Нохчашна а оьшуш ду иза. Со дIоггара кхеташ вац Кремлерчу нахана цуьнах хIун там хуьлу. Гарехь, царна шайна цхьа а эшам ца бо аьлла хета цу гIуллакхо. Суна хетарехь, иза Кадыров Рамзана ша дина хIума ду. Ткъа Кремл цунна дуьхьало а ца еш Iийра, хьайна лаахь гIо цига (Украине) аьлла».

1994-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман минисралло шен эскархой бахийтира Дудаевца Iедал куьйсучу Нохчийчура оппозицина гIо дан. ТIаьхьо уьш йийсаре лийцича уьш шайн салти бац аьлла букъ туьйхира царна Оьрсийчура Iедалша. Цу тайпа Оьрсийчура Украине «командировке» бахийтина нах хила а мега, аьлла хета журналистана Дубнов Вадимана.

Украинехь хуьлучунна юкъагIорта кечбелла кхин цхьа ницкъ а бу - Малхбалера Европерчу пачхьалкхашкахь бехаш болу нохчий а, кхин болу Советан пачхьалкхара схьабевлла нах а. Цара а вовшахтоьхна шайн машарбаран батальон. Церан Iалашонех дуьйцу политикан говзанчо Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек:


XS
SM
MD
LG