ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерка реза ю ОвхIанистанерчу маслаIатана


ОвхIанистанан президентан дарж къуьйсуш волчу шина кандидатан барт хилар реза хиларца тIеэцна Iамеркин Цхьанатоьхначу Штаташа. Цу бертаца а догIуш ОвхIанистанан керла президент хIуттуш ву финансийн министр хилла волу ГIани Ашраф. Ткъа арахьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Iабдулла Iабдуллас дIалоцур ду Iедалехь лаккхара дарж.

И дарж хIинца а кхуллуш ду. Даханачу КIирандийнахь Йозуш йоцучу харжамийн комиссино президентан харжамашкахь толам баьккхинарг ву аьлла дIакхайкхийра ГIани Ашраф. Амма цо мел кхаьжнаш гулдина дуьйцуш дац. Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин кхерамазаллин кхеташонан декъашхоша дIахьедар дина ОвхIанистанан керлачу Iедалша болх бан кийча ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG