ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дебальцево йоьжна, Мариупол - рог1ехь?


Немцойн а, францойн а лидерш вовшашца дагабовлуш бу Украинан малхбалера хьолан хьокъехь. Минскехь кIира хьалха бина барт кхочуш ца бо Донбассерчу сепаратисташа а, Кремло а. Хьалхарнаш тIемаш беш бу, шолгIанаш – царна гIодеш. И аьлла хета Европерчу тергамчашна.

Париже еана яра президентца Олланд Франсуаца хьал дийцаредан канцлер Меркел Ангела пIераскандийнахь. Оцу юкъанна, украинахойн инарлаша бахарехь, доза а хадийна, Мариуполна гергарчу шайн Новоазовск агIор тIетаттаделла Оьрсийчоьнан эскарш.

Гарехь, Дебальцево яьккхинчул тIаьхьа, Мариупол яккха Iалашо ю оьрсийн. ПIераскан буса бIозза лаххара а герзаш кхийсина сепаратисташа. Юьйлуш ю ракеташ кхуьйсу яккхий тоьпаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG