24 шо кхечи Хасу-Юьртахь Нохчийчуьра хьалхара тIом сацош, барт хилла; Шемахь даIишхошца тIемаш бина нохчо лаьцна; Братиславера шайн кхо дипломат араваккхарна дуьхьал бекхамбина Оьрсийчоьно
1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира нохчий эскаран буьйранчас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а. Махкара арадаха сацийра Оьрсийчоьнан эскарш.
Берийн дешаран гIирсан а, духаран а мехаш хийцаделлий, мел харж йолу бер школе дахийта, аьтто буй шу цунна школехь оьшург эца? Иштта хаттарш делира Маршо Радионо Соьлж-ГIаларчу "Беркат" базара шай берашна хIуманаш эца баьхкинчаьрга.
Коронавирусах дийнахь-буса велла Къилбаседа Кавказехь 14 стаг; шена ФСБ-но йиттина аьлла, изоляторера арздина Евлоев Бахьавдина; Саакашвилис ша Гуьржийчу дIагIур ву аьлча, ша иза сихха набахте кхачор ву, жоп делла даймахкарчу Iедало
1000 сов стаг дIалецира террорхоша 2004-чу шарахь Бесланерчу школехь. Кхелхинчу дешархойн наной тахана а бу терактан дуьхьало ца йинчу Iедалхошна кхел йоьхуш - тIемалойн планаш хьалхе дуьйна хууш яра МВД-на.
Иваново-махкара Кадыров Рамзанан векал лаьцна «хьарамлонаш лелорна»; Москвахь кхеле дов хатта валийна оппозиционер-адвокат Хасавов Дагир; Несарахь машен эккхийтина куьйга йинчу бомбанца
Дешархошна-волонтерашна археологин ахкарш дIахьош Аббасидийн халифатан заманара масех бIе дашо ахча долу хазна карийна Израилехь.
Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхо мега Оьрсийчоьнна Навальный бахьанехь; кавказхоша атта ца буьту шаьш балийна зударий, боху Росстато; Европерчу нохчех лаьтта «террорхойн маша» стенгахь карийна Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн вовшахтохараллан хьаькамна Воронковна?
Хьалхе ду карантинах мукъадовла – хьалха санна дукха бацахь а, леш бу нах; нохчийн тIемалойх лаьтта "Катаиб Хаттаб аш-Шишани" тоба тIелетта Шемахь Оьрсийчуьрчу ницкъашна; "Иегован Тешаш" лоьцуш, кхеле ийзош бу Къилбаседа Кавказехь.
Кест-кеста хьаннашкахь нах бойъу Iедало, олу цо царех «тIемалой»; Къилбаседа Кавказехь ипотека ца оьцу я ца ло?; Оьрсийчоьно авианекъаш боьллур бу 7 пачхьалкхаца, амма хьанна-хьанна а дац новкъавала магош
Лукашенко Александре кара автомат эцийтина Минскерчу маьршачу протесташа. Цуьнан 15 шо долу кIант Николай а гина, карахь герз а долуш. Герзца волу Лукашенко валош догIу беркема охьаху видео зорбане яьккхина Болоруссин президентан пресс-сервисо.
ХIара лелийра лецначу нахана тIехь Минскехь Окрестинан урамехь талламан изоляторехь (СИЗО). Варелаш, чIогIа къизаллаш гойтуш видео ю хIара
Хьажа кхин дIа а