ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедовл а тоьлуш ву Чимаев аьлла, дIахьедина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, меттигерчу "Ахмат" клубан латархо Чимаев Хьмазат "хIинца нуьцкъаха ву" дагестанхойн UFC-н экс-чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибал а аьлла. Нурмагомедовс спорт дIатасарна ду иза аьлла, кхетийна цо.

"Хьабиба шен Iалашонаш кхочуш а йина, спорт йитина. ХIинца къоначу латархошна гIо деш ву иза. Шен лига ю цуьнан, лелош бизнес ю", - аьллачу Кадыровн дешнаш довзийтина Sports.ru ресурсо, инстаграмехь цо дIаяьхьначу эфирна тIетевжина. Циггахь Кадыровс комментари йитина, Нурмагомедов "UFC-н проект ю" ша аларх лаьцна а.

"Нагахь санна, Хьабибах лаьцна цхьаъ ала со гIоьртинехь, иза кхечу кепехь хира дара, амма сан цунах лаьцна ала цхьа а вониг дац", - аьлла, дIахьедина цо. РогIерчу Кадыровн, ша Чимаевца вустуш динчу дIахьедарх лаьцна цхьана а кепара жоп ца делла Нурмагомедовс.

Хьалхо Соьлжа-ГIалахь Дагестанерчу латархочунна 440 миллион сом лур ду элира, нагахь санна, "Ахмат" клуберчу цхахволчу латархочуьнца иза тасалахь аьлла.

Нурмагомедов Хьабиб "дика спортхо" ву, амма иза "UFC-н проект" ю, Оьрсийчоьнан я Дагестанан байракхна кIел хIоьттина цкъа а ца летта иза, элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Стигалкъекъа-беттан юьххьехь. Инстаграмехь йоьдучу эфирехь цо кхайкхам бира цуьнга, Чимаевца лата реза хила аьлла. Оцу юкъанна, ша "муьлхха а гонорар" охьайилла кийча ву, элира Кадыровс. Скандал иккхинчул тIаьхьа дIахьедира нохчийн куьйгалхочо, ша дагестанхо аьшнашван гIерташ вацара аьлла.

Ши спортхо лата луучу Кадыровн дIахьедарна жоп лучу Чимаев Хьамзата кхерам тесира Дагестанерчу чемпионна Нурмагомедов Хьабибна, ша иза "ватIор ву" аьлла.

ММА-рчу шен йоццачу карьерехь исс латарх чекхваьлла Чимаев Хьамзат, иссазза а тоьлла, толамех кхоъ цо баьккхина UFC системехь. UFC-н рекорд хIоттийна цо хенал хьалха, 66 дийнахь кхузза толарца. Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира Чимаевна, иза Соьлжа-ГIала а вахна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.
Цул тIаьхьа UFC-н юккъерчу йозаллин латархочо Чимаев Хьамзата дIахьедира Инстаграмехула, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла. ТIаккха Кадыровс, шен Чимаевца къамел хилла, иза спортехь вуьсуш ву, элира.

ТIаьхьо Швецера Нохчийчу дIавигира UFC –н латархо Кадыров Рамзана. ХIинццалц схьа Нохчийчохь вара Чимаев Хьамзат.
2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб, цо карьера ерзорца доьзна, ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.

32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 20I2-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь I3-зза тоьлла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG