ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таро хилча, хIун дара уггар хьалха ахь дендерг?


Таро хилча хIун дара уггар хьалха ахь дендерг? Бахархоша цу хаттарна лучу жоьпашлахь дика го могIарерчу нахера а, махкара а хьал.

Махкахь долчу хьолах, нохчийн Iар-дахарх официалан тIегIанахь Iедалхоша а, церан аьллар-лаамца хаамийн гIирсаша дуьйцург а, кхуллуш долу бIаьрла сурт а массарна а девзаш ду.

Цхьаьнгге дехарш дан а, цхьа-а ир-кара хIитто а хьашто а йоцуш, могIарерчу нахера а, цуьнца цхьана махкара а бакъ хьал довза, тхуна зеделла ма-хиллара, дагахь доцчу кепара аьтто бан тарлуш хилла, юьхьанца хьанна а бехказа а, атта а хетачу хаттаро.

Масала моттане а ца моьттура "Хьайн таро хилча уггар хьалха ахь дендерг хIун дара" бохучу хаттарна могIарерчу наха деллачу жоьпаша Нохчийчуьра Iар-дахар сел башха а, дуьззина а гойтур ду.

Цара «дагардийцарехь» гучудолу адам кхузахь мел токх ду а, синтемечу, ирсечу дахаран теш ду а.

Шен таро хилча угар хьалха ша дендолчух ишта дийцира Соьлж-ГIалин кIоштерчу ялх беран дас Аламбека.

Цо дийцарехь ткъех шо ду иза, кхин "ва дела" аьлла самалха дала меттиг боцуш,дIалург хIума а оьцуш

Аламбек: « Ас уггар хьалха сайна тIера декхарш дIалур дар-кх сайна тIера. Ламаз, марха, кхабар, ХьаьжицIа вахар оцу парзанел деза ду боху декхар дIадалар. Ас и декхар тIера доккхур дара хьалха. Ткъех шо ду-к со декхарех ца валалуш вехаш волу. Кху системано, дахаран дикалло охьатаIийна латтаво-кх со. Чоь юьззина чохь доьзал а бу, амма цу декхарех валалуш а вац-кх.

ШолгIа ас дендерг дара, сайн куьг кхочехь мел волчу мискачу нахана гIодар…»

Хууш ма-хиллара, кхузахь дукха нехан пенсеш дIа ца кхочуьйтуш совцийна, цхьацца харцо-хьарамлонашца хIиттийна хилла бохуш.

Царлахь, дийцарехь, дукха бу банкашкара кредиташ а оьцуш, пенсеш даьхнарш а. Царна, даккхий зенаш хиллачарна, гIо дийр дара ша шен ницкъ кхаьчча боху, СоьлжагIалахочо Iалавдис.

Iалавдис: «Банкашкара даккхий ахчанаш а эцна пенсешка баханчу нахана гIо дийр дар-кх ас. Пенсеш совцийна, банке ахча охьадилла таро яц. Церан къа мича даха деза? Ас царна гIо дийр дар-кх».

ДIа меттахбаьхначех дукхахболчара далхош дерг ду дан хIума цахилар, берриге а бохург санна эшам болх цахиларо беш хилар. Царех ю ши шо хьалха Ставропол махкара схьаеъна Новр кIоштера Рукъидат а.

Рукъидат: «Ас пуьташ а ца буьттуш нахана болх-некъ хуьлуьйтур бар-кх. Кху чохь дерг цхьа а дош доций хиъна-кх суна Ставропол махкара схьаеъначул тIаьхьа. Сайн таро хилча, уггар хьалха, гIийлачу нахана гIо-м дийр дара ас. Уьш кхузахь дукха а бу-кх!»

Забаренна а доцуш, Iаламат чIогIа нахехь гIело яллориг а, церан де эшийнарг а болх цахилар лору хIора шолгIачу вахархочо.

Нохчийчуьра а, могIарерчу нахера а бакъ хьал довзуьйту Шелковск кIоштерчу, 30 шарахь сов хьехархочун даржехь къахьегначу вахархочо Султана.

Султан: «Нахана белхан меттигаш нисьян хьожур вар-кх со. Нохчийчохь белхашца долу хьал вуно ледара ду. Ледара муха ца хуьлу йина фабрика а я завод а йоцуш. Даладелла хьал ду бохуш дIахьедарш –м до юкъ-кара. ШолгIа, ас дендерг хьехархошна а, лоьрашна а алапаш тIетухуьйтур дар-кх ас. Юучунна, юхучунна гIайгIа а йоцуш, цара тIетаьIIа шайн болх бийр болуш хьелаш кхолла дезара.

Кхин ас хIун дара аьлча, хIусамаш йийр яр-кх гIийла бохкучарна а, хIинцца кхоллабеллачу доьзалшна а".

Къамелаш мел динчу бахархойн къамелехь билгалдолуш юкъара цхьа хIума а дара –массара а бохург санна, шайчул хьалха ойла йора кхечеран, шена санна даггара царна дика болх хуьлийла а лууш. Къамел шен гIаддайначу дахарх долийнехь а, царех ю Соьлж кIоштера Минга а.

Шайгарчу а, махкарчу а хьолах, таро хилча и хьал хийца шаьш дендолчух дийцийна могIарера бахархой сатуьйсуш бу, болх-некъ болуш, миска, гIийла бохкучарна, хабарца а доцуш, деш гIо а долуш, шайна хетарг дIаала, шен ойла-хьажам кхечеран кхеле билла, хIора а стаг маьрша а волуш, шайн дахар битаме даре.

Бакъду, и гIийла дегайовхо дахаре маца йоьрзур ю ала хала ду

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG