ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Жижиг ас марха достуш эцна-кх тIаьххьара..."


ХIора а баттахь бохург санна шайн дахар халонга долуш лору могIарерчу наха.

ТIе-кога духучуьнца, юучуьнца-молчуьнца жимма а кхачо ерг атта тешар а воцуш, Европехь беха вайнахха-м бийца а ца богIу, бутт-батте мосазза болу бохург санна, шайн дахар эшна дагIахь бен, мискъал зарратал толуш ца хетарш чот йоцуш дукха бу Оьрсийчохь.

ДIа лен ваьккхинчу муьлххачу а къоман векало, гIебарто велахь а, хIирийн я оьрсий велахь а, башхалла а йоцуш, вуно чIогIа леткъамаш бо, хан мел ели а, дахаран хьашт-дезаршца ларадала Iаламат хала ду бохуш.

ХIумма а диканиг ца хазадо Оьрсийчоьнан куьйгалхорйн цIарх а. Цу оьшург бен хIума доцчу а, дацарийн а баьрччехь лаьттачех елахь бен юкъара йолуш яц Нохчийчоь а.

Ахкаме вийлича гуш ма-хиллара цуьнан дукхахболу могIарера бахархой, цара шаьш къаро ярца, оьшург бен хIума доцуш, гIийла лол бетташ хене бовлуш бу.

Масала, кхечу мохк-пачхьалкхашкара адам атта тешар ду аьлла ца хетта жижиг кийла эца рагI ца кхочуш, Оьрсийчуьра, хIумма а кIезиг боцу бахархой, 5-6 батте бовлу аьлча.

Дукха кIаргвала гIерташ къахьега а ца оьшуш, и гучудолу могIарерчу нехан гIайгIанех дуьзинчу къамелехь. Шайн дахар халонга далар цара дузу, гIорийча санна лаьтташ алапаш а, пенсеш - пособеш а долуш, ирхъоьхучу мехашца.

Цу тIера долийра шен къамел Соьлжа кIоштерчу яхархочо Хьавадис. Цо чIагIдарца Iедало еш йолу гIоленашца дустар далийча массо хIума а язьяр вуно маса, чаболахь дIадоьдуш ду.

Белаш банне а бац

Хьавади: «Массо хIума яз а елла, язлуш а ю. Чай, даьтта, гарза, чIара Хьо дIа мосазза воьду а мах тIекхетта карбо. Керлачу чIерах 230 сом доьху. Копчен илу кIуьр хьожа чIара-м гуттар а базбина.

ХIумнаш язлдо бохург дан а дац къаьхде ду-кх.

Маршо Радио: Туьканашкара лург яа хIумнаш кхехьна нах мел дукха бу хаьий хьуна?

Хьавади: "20,25 эзарнаш декхарехь нах бу-кх туьканашкахь. Ас-м ца оьцу со мацалла ялла Iийр ю-кх даа-мала тIедиллина ца оьцуш. И дема галий, шекаррий, чутосу чай эцаделчахьана бохуш Iа-кх.

Тхуна-м хала ду. Жижиг ас марха достуш эцна-кх тIаьххьара! Дела беркатора эцна-кх! Сайга эцаелча котам оьцу-кх. Жижиг диъча санна-м ца хуьлу котам жижиг. Делахь а цхьана агIор мацалла дIа ца яьккхича йолий? Бан белхаш хилча-м аттачу дер хир дара хIара дахар. Белхаш банне а ма бац…»

Балхахь берш а, боцурш-м ирх-пурх а тIедиллина хIумнаша а оьцуш лург бехаш хилар билгалдоккху могIарерчу наха.

Цара дийцарехь, алапа тоъане а тоьуш дац хьаш-дезарийн «йоманаш» лето. Дерриге ахча дIадоьду юучунна а, Iедална ял такхарна а.

Карарчу хенахь таро яцарна хийла меттигаш йогIу, дIакховдо хIума цахиларна вон-дикане ваха йиш йоцуш а. Цунах дуьйцуш ю ишколан белхо Новр кIоштера Медана.

Ахчанаш схьадаллалц бохуш лол беттарш мел дукха бу

Медана: «Суна хууш, балхахь берш а, боцурш а мел дукха бу хаьий хьуна лург бехаш! Ахчанаш схьадаллалц бохуш лол беттарш мел дукха бу. Юург а оьцу,тIеюха а оьцу. Дукхахдолчу декъана даа-мала оьцу.

Нахала ца довла бохуш хене бовла-кх нах. Гайно нахала ма воккху… Алапа а тоъане а ца тоьу. ВорхI ,бархI эзар хIун ю, и мича хьажо деза?»

Хала деъначу дахарх мел дийцинчарна новкъадогIург дара тахана атта доцу дахар, тIейогIучу ханна, дикачу агIор хийцаме дер ду ала дегайовхо кIезиг хилар

XS
SM
MD
LG