ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: Курскан кIоштахь дозанхошна тIелатар динарш Украине баха гIерташ хилла


Оьрсийчоьнан а, Украинин а дозанехь.
Оьрсийчоьнан а, Украинин а дозанехь.

КIирандийнахь Курскан кIоштахь Оьрсийчоьнан дозанхошна тIелатар дина нах Оьрсийчуьра Украине дехьабовла гIерташ хилла аьлла, хаам бина Федералан кхерамазаллин сервисо.

Цо билгалдаккхарехь, инцидент хилла Украинин дозанца йолчу Теткино эвлан йистехь. ТIаьххьара болчу хаамца, кехаташ толлуш дозанхошна шина стага дуьхьало йина герзашца. Хиллачу герзаш тохарехь вийна цхьа эскархо. ТIелатар дина цхьа стаг схьалаьцна, важа кхелхина шен карахь бомба эккхийтина.

ФСБ-но дийцарехь, иза цара хIунда дина хууш дац.

Оршотан Iуьйранна Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша хаам баржийнера, и инцидент Курскан кIоштахь «Нелегал» операци дIахьош хилла хиларх лаьцна. Цу хенахь буьйцурш бара Шемар цIабогIу нохчийн тIемалой.

Оьрсийчуьрчу vladtime.ru зорбанан гIирсо дийцарехь, чохь цхьацца гIирс а, кира а латточу гIишлонна таллам беш, цу чуьра, герз а диттина, муьлш бу ца хуучу наха вийна жIаьлица хилла дозанхо. Дийцарехь, и нах байина.

Официалан болчу хаамца, уьш хилла, Шемахь тIом а бина, Украинин территори тIехула Нохчийчу цIа богIу нохчийн тIемалой. Царах цхьаъ Украинин махкахо ву бохуш, дуьйцу зорбанан гIирсаша.

Билггал хилларг хIун ду цкъачунна къасто аьтто бац.

Маршо Радион хьастано дийцарехь, Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанехь висина 200 нохчо вуй-те Европехь дIабахначу вайнахах, я Кадыровна луург-ду-те иза, аьлла.

Украинехьа Донбассехь тIом беш бу Нохчийчуьрца тIамех чекхбевллла иттаннаш нохчийн тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG