ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Арахьарчу агентех" низамна куьгяздина Путин Владимира


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хаамийн гIирсашкарчу «арахьарчу агентех» низамна куьгяздина. ТIейогIучу хенахь арахьарчу пачхьалкхашкара ахча оьцу зорбанаш «кхечу пачхьалкхийн агенташ» бу аьлла тIечIгIдийр ду.

Кху беттан 15-чохь депутаташа цхьабоса тIеийцира и низаман проект, кIира даьлча Федерацин Кхеташоно къобалйира, цхьаъ дуьхьал а волуш.

Хьалхо Оьрсийчоьнан юстицин министралло Маршо Радионе а, «Настоящее время» телеканалне а хаам кхачийра, церан балхаца цхьацца бехкамаш хила тарло аьлла.

Маршо Радион проекташка - сайте "Idel.Реалиига" а, оьрсийн сервисан медиапроекте «Сибирь.Реалиига» а бира иштта хаам.

Маршо Радион медиа-корпорацин президента Кент Томаса шоьтадийнахь дIахьедина, муьлхачу редакцешна, муха дозанаш ду диттина хаъалц, тхешан журналистийн болх хIинццалц сан дIабийр бу оха, аьлла.

Маршо Радионо хьалхо яздира, Оьрсийчоьнан юстицин министралло Оьрсийчохь болхбечу цхьамогIа Iамеркан хаамийн гIирсашка дIахьедар хьажийна, уьш ша арахьарчу агентийн статусе баха тарло, нагахь санна RT а, Sputnik а телеканалаш Цхьаьнатоьхначу Iамеркан Штаташа оццу «арахьара агент» олучу цIартIе яхахь, аьлла.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа жоп деллера, шайн пачхьалкхехь оьрсийн журналисташа бечу белхан а, Iамеркан жураналисташа Оьрсийчохь бечу белхан а билламаш къаьсташ хиларх.

Медиакорпорацин журналисташ Оьрсийчохь сийсазбо, царна тIелатарш до. Ткъа Раша Тудей телеканало Iамеркехь шайн информаци маьршша яржош елахь, 2012-чу шарахь дуьйна Радио Маршонна Москоха дихкина ду эфираш дIаяхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG