ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Масех киншка а йоьший, тахана историк хIутту хIора а..."


Нохчийн истори толлуш берш вуно дукха баьржина интернет гучуяьлчахьана.

Тайп-тайпанчу сайташна тIехь дела денна зорбане дуьйлу инзаре тамашийна, дуьйцуш ца хезна хIумнаш, нохчийн къомо эзарнаш шераш хьалха йитина хиллачу, амма цуьнан сийдоцучу мостагIаша лачкъийна латтийначу лорех лаьцна. Яханчу я вайн заманарчу цхьацца бевзаш болчу наха нохчех аьлла ду бохуш дешнаш а даржадо цара, цитатийн хьесапехь.

"Цкъа а нохчийн территори тIе ког ма ловзалаш. Къонахий цигахь бен дуьненчу бовлуш а ца хиллера. Кхечанхьа уьш бан а бац" - иштта дешнаш ду, масала, Чингисхана аьлла бохуш, интернетехь дIасалелаш.

Я хIара дешнаш, Чингисхана шен кIанте дина весет ду бохуш дIасалелаш долу: "ХIора боьрша стаг нохчийн лаьтта тIехь тIемало хуьлуш ву, ткъа хIора зуда – турпалхочун нана. 7 шера чохь ас ах дуьне эшийра, амма 12 шарахь ца эшабелира соьга нохчий. ХIинцачул тIаьхьа, сан кIант, цкъа а тIамца цу къомана дуьхьал ма валалахь, эхь хир ду хьуна".

И артиклаш язъеш берш дукха хьолехь анониме шайн даймохк а, къам а дезаш болу, шайна хуучу агIор царех лаьцна дика хIума ала луу къона адамаш хуьлу.

Хуьлу амма иштта шаьш бакъйолу нохчийн истори йовзархой а лоруш, иттанаш шерашкахь академикаллин истори Iамош, толлуш къахьоьгуш болчу Iилманчийн хаарш шеконе дохкуш берш а.

Церан коьрта аргумент- нохчийн истори къайлаяхьна хилла, ткъа академикаллечу историкаша, шайна иза хууш доллушехь, нахе ца дуьйцу.

Францехь вехаш волчу нохчийн историкна Вачагаев Майрбекна хетарехь, иштта долу хаамаш баржочу нах кишнка ешна а, талламаш бина а хIуман духе кхача а ца гIуртуш, аттачу кепара интернет чохь шайна карийнарг Iилма санна тIеоьцуш хиларца доьзна ду : "Тахана шаверг а интернет чу вирзина ву. Цхьаммо яздинарг эзар стага схьа а оьций, цунах Iехало уьш. Iилманчаша шайн белхаш интернете ца бохку дукха хьолахь, и белхаш киншки тIехь буьсу, я библиотеке а вахана, деша дезаш хуьлу иза, я киншка эца езаш хуьлу.

Ткъа иза лелон хIун бала бу, эцца википедино хIун боху а хьаьжна, шена луург яздан а, дийца а йиш хилча олий, цара и хIумнаш даржадо".

Белгерчу историке Бакаев Хьасане а кхочу кест-кеста вайн махкахоша язбина сенсацин историн керла агIонаш серлайоху белхаш. Бакаевна хетарехь, академикалле истори чомаза а хеташ, тамашашца иза кIо а еш, цуьнан чам шайна товчу агIор тобан гIерта и белхаш зорбане доху нах: "Нахана истори атта хета, иза башха Iилма а ца хета. Масех киншка ша ешча, шена истори евзина лору, иза йийца волало.

Йийцар-м хIуммаъ дацара, амма ма-ярра йолу истори царна чомаза а хетий, цунах иштта цхьа бурч-гIирс а тухуш, иза шайна чоме ерзо лаьа царна, тамашийна хIуманаш деза. Кхин башха доккха зен-м дац царах долуш, хIунда аьлча, фундаментале Iилма цаьрга дIа ца даккхало.

Цхьаццаболу нах Iеха а лой, цара дуьйцучунна тIаьхьа-м бовлу. Иштта нах массо а къомана юккъехь а бу. Даима а хила а хилла и хIума, хир долуш а ду".

Къоман истори керла язъян а, тида а гIерташ болу нах, цхьана агIор къона а, зеделларг кIеззиг долуш а, вукху агIор, кIоргера дешна боцуш а хилар го Вачагаев Майрбекна нохчийн дIадаьлларг дусадеш дийца царна лааран бахьанашкахь: "Чингисхана хIара аьллий, важа аьллий олий, буьйлало...

Нохчийчохь дуккхаъ шерашкахь Чингисханах лаьцна талламаш бина стаг ву, Хизриев, университетехь болх беш а волуш. Иттананашкахь белхаш язбина цо цу заманах лаьцна. Цхьа а цу наха дуьйцуш долу хIумнаш цунна карийна дац Чингисханс аьлла, оццул ша талламаш бешшехь. Цхьажимма ойла яхьара, суна хетарехь, и санна долу хIумнаш дуьйцур дацара аьлла хета суна. Цу хIумнашна меттиг юьсур яцара аьлла хета суна".

Маршо Радиоца къамел динчу историн Iилманчаша Вачагаев Майрбека а, Бакаев Хьасана а билгалдаьккхира, тIаьххьарчу хенахь баьржина болу къоман исторехьн харц талламаш а, сенсацеш а башха шайца къийса оьшуш я кхераме лара оьшуш хIума а дац, аьлла.

Цхьа жималлин цамгар санна, хенаца дIаер йолуш сиркхо хета царна иза. Бакъдолу историн Iилма цу кепарчу сенсационе йозанашца дIадаккха лур дац аьлла тешна а бу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG