ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьиджаба доллу хьан дахар хуьйцу..."


Хьиджабан дуьненаюккъара де ду Чиллан- беттан хьалхарчу дийнахь билгалдоккухш.

Схьахетарехь, уггаре а къона даздарех цхьаъ ду иза. 2013 -чу шарахь дуьххьара Iамеркехь ехачу Кхан Назма цIе йолчу Бангладешера схьаялар долчу йоIа сайт кхоьллинера оцу духарх лаьцна.

Цу тIехь цо дуьйцура шен Iалашонех а, хьиджаб лелоран маьIнех а, мехаллех а. Ша и йоI ишколехь а, лаккхарчу доьшийлехь а гонахболчеран цакхетамца Iоттаелла хилла. Цундела йиллина цо и сайт.

Нохчийчохь хьиджаб лело буьйлабелла зударий хьалхара тIом боьдучу хенахь. Тахана а, юкъараллехь уггаре а чIогIа дийцаре деш долу хIума ду иза.

Юкъаралла екъаелла ала мегар ду шина декъе: иза къобал йийраш а, аьттехьа аи лелор тIе ца дуьтурш а. Хьиджаб кху тIаьхьарчу шерашкахь лелочу Садулаева Салимас иштта дуьйцу шен дахар шина декъе декъаделла: фарз дохале а, доьхначул тIаьхьа а, бохуш: "И бусулба духар ас тIе доьхначул тIехьа сан дахарехь дуккха хилла моттаргIнаш дIаевлира. Дахар бакъдолчу хорша дирзира сан. Ас айса тидам бина цуьнах.

Амма вайн дахарехь гобаьккхина кхиъ шортта ю моттаргIанаш. Цундела, и дахар, хIара дуьне хIун ю хууш, цу моттаргIанашка вайн синош ца дохкийта, Дала тIе дехкина ду динан декхарш. Царах цхьаъ дара хьиджаб йохар а".

Нохчийн къоман духаран агIончаш шаьш духьал бац олу зударий къовлабелла хилийтар. Амма Iаьрбойн цара лору и хьиджаб ца йоьхча а, вайнехан а ма хилла Iадатехь къовлабелла, аьлла хета Соьлж-гIаларчу яхархочунна Ильясова Луизина. Нохчийн гIабалел а хаза а, куьцехь а духар ца хета шена элира цо: "Нохчийн духар бен ас тахана кхин тIе ца лоцу. Жимчохь дуьйна цхьа сурт ма хуьлий хьуна хьалха, нанас Iама ма ярра. Со жимачарех а яц. Тахана тIе а лаьцна, и гIабали вай лелош хилча, цхьаммо иза тIейоьхча, шолгIа со хир яра иза лелош".

Бусулба дина махкахь чIагIлуш схьадогIуш делахь а, дуккха а бу нохчийн гIиллакхехь ма хиллара, духар леладайтарна агIончаш. Къовлаелла хилча шена хаза а, оьзда а хета зудабер а, зуда а, амма хьиджабца иза дан деза аьлла ца хета шена элира ша а шина йоьIан да волчу Очерхаджиев Абумуслима: "Тахана воьдуш-вогIуш некъаца дуьхьал нисъелча, хаза коьртахь йовлакх а долуш хилча, суна хазахета. Хьиджаб суна хIун ю а ца хаа, ас и духар къобалдеш дац.

Вайн зудаберашна а, зударшна а тIехь долу вайн духар чIогIа хаза а ду, суна жима волуш дуьйна хазахетта а ду иза".

Хьиджабан дуьненаюккъера де стохка 100 миллион сов зудчо даздира 116 пачхьалкхара. Бусулба боцу нах а къовлабелира цхьана денна, шайн духар бахьанехь Iаткъам ловчу зударшна гIонна аьлла.

Нохчийчохь и хаттар ира лаьтташ далахь а, тахана а урамашкахь шортта гур ду зудабераш, шайна юккъахь хьиджаб ерш а, коьртаIуьйра берш а, нохчийн йовлакхаш техкинарш а болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG