ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:03:51 0:00
Линкана тIе

ТховкIело лоьхуш тIаьхьарчу хенахь Европерчу пачхьалкхашка дIаоьхучу нохчашна доккхачу декъехь негативе жоьпаш кхочу Iедалшкара. Бахьана – Нохчийчохь тIом дIабаьлла, цигахь адамаш маьрша ду, царна цхьа а кхерам а бац аьлла Iедалхошна хетар.

Даханчу 2017-чу шарахь 4000 гергга Оьрсийчуьра орамаш долчу наха тховкIело ехнера Германехь, 2100 сов Оьрсийчоьнан паспорташ долчара - Австрехь.

Цу шинна а пачхьалкхан Iедал тешна ду, цу нахах доккхах долу дакъа нохчийн къомах мухIажарш хиларх. Царах 70 сов процентан тховкIелонах долчу дехарна дацаре жоп кхочу, шина пачхьалкхан мухIажарех йолчу хьукматийн терахьаша ма-гайтара.

Доккхачу декъехь Полшехула Германе а, Австре а, цхьаццайолчу кхечу пачхьалкхашка а дIасабекъалучу Нохчийчуьрчу мухIажарий амма вуно кIеззиг шансаш ю, Европехь биса.

Наг-наггахь шерашкахь шаьш тховкIело ехначу пачхьалкхашкахь хан а йоккхий, Iедало шайн дехарна негативе жоп даийтича, цунна дуьхьал юх-юх-а а аппеляцеш а еш, беха уьш, амма эххар а я Полше я Оьрсийчу юхахьовсабо Iедало.

Цуьнан тIаьхьара масала - хьастагIа йоккхачу IалагIожца Москох доьдучу кеманна тIе а даьккхина, дIахьажийна долу 35 адам, шайна юккъехь дукхах дерш бераш а долуш. Цу 35 адамах доккхах долу дакъа 4 шарера 6 шаре кхаччалц Австрехь баьхна бара, цу махкахь орамаш тесна а, хала а, атта а дIатарбелла а бара.

Амма царна тховкIело яла бахьана дац аьлла бара Австрерчу мигрантех а, мухIажарех а йолчу хьукматан сацам, царна Нохчийчохь кхерам бац, аьлла.

Цуьнца цхьаьна оццу Австрин арахьарчу гIуллакхийн министраллин сайта тIехь Нохчийчоь вуно кхерамечу дуьненан регионашна юккъехь билгалъяьккхина ю.

"Лакхара кхерамазаллин риск 3-гIа тегIа Къилбаседа Кавказехь! – аьлла ду хьукматан сайта тIехь яздина. "Боккъал а ца дахча шаьш ца довлуш хьал дацахь Дагестане а, Нохчийчу а, ГIалгIайчу а, ГIебартой-Балкхаре а ца дахар гIолехь ду, цигара чолхе кхерамазаллин хьал бахьана долуш. Нохчийчуьра гонахарчу меттигашка дIасабаьржаш болу кхерам йоллучу Къилбаседа Кавказехь а бу – Краснодаран регионехь а, Ставрополехь а, Адыгеяхь а, Кхарчай-ЧергIазехь а, Къилбасела ХIирийчохь а" - цу кепарчу дIахьедарца бахархой Нохчийчу а, цунна гонахарчу меттигашка а бахарх ларбо Австрин Iедало.

Ткъа цу меттигашкара бевддачарна болу кхерам тидаме ца оьшу. Германехь даханчу шарахь тховкIело а ехна, хIинца а цхьанна а кепара Iедалера жоп кхачанза ву Бахарчиев Салман. Цо ша махках валаран бахьанаш иштта дийцира: "Хазхеташий, самукъадолаший цхьа а стаг мухIажир а вер вац.

Дуккхаъ кеп-кепара бахьанаш ду цигахь - тIом бу, мацалла ю, таро ца хилар ду, болх ца хилар ду, могашалла ю, и могашалла йоцучунна дарба ца хилар ду. Цу бахьанехь муьлха а схьаэцча а иза цигахь догIуш ду. Ца хууш, ларамаза ахь цхьана хадо ца безачу стеган некъ хадабахь, иза а тоуьш ду-кх".

Бахарчиев Салманан башха баккхий сатийсамаш бац ша Германехь вуьтур ву бохучух. Цунна хаьа, Полшехула Берлине кхаьчна волу ша хьалха я тIаьхьа оццу Полше дIахьажор вуйла.

Делахь а, шена негативе жоп кхачахь, цунна дуьхьал латкъам бан дагахь ву иза.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG