ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла iPhone-аш гайтина Apple компанино


Iамерка -- iPhone XS а, iPhone XS Max а.
Iамерка -- iPhone XS а, iPhone XS Max а.

Apple компанино йовзийтина iPhone-ан а, "хьекъале сахьтийн" Apple Watchан а керла моделаш а, кхин а масийтта керла юкъаддакхар а.

Калифорнерчу Купертинохь уьш йовзийтира цу компанин куьйгалхочо Тим Кука, хаам бо "Iамеркан аз" портало.

Гайтам дIаболош цо йовзийтира "хьекъале сахьтийн" Apple Watch-ан керла верси. Цу сахьтан ю керла вуно онда процессор а, йоккха экран а (40х44 мм хьалха хиллачуьнан метта). Амма керлачу сахьтан коьрта башхалла ю цунна тIе хIоттийна йолу сахьтан долахо охьавоьжна хилар хоуьйту гироскоп.

Нагахь гироскопана адам меттахдолуш ца хаалахь, ткъа сахьтана цуьнан дог деттадаларан пулс хийцаялар хаалахь, Apple Watch-о ша кхойкхур бу сихонца гIо дан аьтто болу лоьраш. Хьалха арахецначу Apple Watch-о хаам бора долахочуьнга даго болх бар галдаьлча лоьрашна тIеваха оьшуш хиларх лаьцна.

Амма хIинца хьекъале сахьт таро йолуш ду, адаманна электрокардиографи (ЭКГ) а йина, цуьнан даго болх муха бон бохучуьнан мах хадо. Дарбанан хIусамашкахь, йоккха меттиг дӀалоцу машенаш а лелош, дIахьош йолу и процедура хIинца йийр ю сахьтаца, цIера ара а ца волуш.

Apple компанин керлачу сахьтана хIинцале а лело бакъо елла медицинан молханашна а, механизмашна а Iуналла дечу Iамеркан урхалло. Apple Watch-ан керлачу версин мах бу уггар дорахчуьнан $399.

Довзийтарехь Кука дийцира шаьш юкъадаьккхинчу кхин цхьа керлачу хIуманах лаьцна. Компанино ша пайда оьцуш хилар официалан кепара дIахьедар дина малхо а, мохо а лучу энергех. Ур-аттал iMessage серверш а ю цIена электросерло лелош.

Apple компанино йовзийтина смартфонийн кхо модел: iPhone Xs а, Xs Plus а, Xr а. Экранан барам бу – 5,8, 6,5 и 6,1 дюйм (2,54 см). Xs ($999), Xs Max ($1099) а смартфонашна тIе хIоттийна ю керла A12 процессор.

Цуьнан ондалла ю 5 триллион операци цхьана секундехь. iPhone X тIехь ерг ю цхьана секундехь 600 миллиард операци еш. Цу кепара iPhone Xs официалан кепара уггаре а онда телефон ю кху дуьнентIехь.

Хьалха хилла A11 процессор хIоттийна «бюджетан» олучу iPhone Xr-на тIе. Цуьнан мах бу $749, ткъа экран ю LCD. Xs а, Xs Max а ю OLED олу экран йолуш. Цуьнан башхалла ю хIора пиксел ша серло луш хилар. Ткъа цо Iаткъам бо сурт цIена а, бесара а хуьлуьйтуш.

Видеокамерина а бина цхьацца хийцамаш. Керлачу процессоро сурт доккхучу бӀаьрган негӀар туху юкъана триллион гергга лараран операци дIахьо. Цул сов ерриг а керла смартфонаш ларйина ю тIуналлах, хи доцург шена юкъахь кхин йолу тIуналлаш а йолуш.

Кхечу керла юкъадаьхначу хIуманашна юкъахь ду лерга йухку хIуманаш дIаяьхча стерео аз хилар а, ши SIM-карта дилла аьтто хилар а, мелла а онда тоькан батарей а, керла чоьхьарчу иэсан барам хилар а -- 512 гигабайт.

Компанино бинчу хаамца, керла iOS 12 операцин система iPhone-шна тIе хIотто аьтто хир бу Гезгмашин-беттан (Сентябрь) 17-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG