ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъерчу набахтехь бу берриг а доьзал


БагIдад-гIала
БагIдад-гIала
Джалилов Камал

Талламо Каспийскера Камилова Арина* бехкейо Туркойчохь терроран тохар дан ахча хьажорна. Ткъа цунна моьттура ша шен кIантанна гIо до.

Аринин воI Мохьмад 2010-чу шарахь Мисара дIавахара шен зуда а, бераш а эцна. Цо бахарехь, иза махкахвала айвинарг Iедал дара. Полицера а, къайлахчу сервисера а нах сих-сиха лестара КамиловгIаьрга, хIоразза а леван дIавуьгура Мохьмад. Бахьана дара цхьа хан хьалха цуьнан жимахволу ваша Шемал, тIемало ву аьлла, лерина операци дIахьош вийна хилар.

"Динах, цо лелочу маззапах хоьттура цуьнга даима а, зуда стенна лела хьиджаб йоьхна, олий а хьийзавора. Мохьмадан кIант пIераска тIедеача школе ца воьдура – рузбане лелара, иза а дара цунна бехке деш. Со кхета, сан кIентан доьзал динна чубоьлла хилар ца тара Iедална. Цу тIе – вийна волу Шемал а. Полицина тIелеттачаьрца вара иза, цо ша гойтуш яьккхина видео а ю», - дуьйцу Аринас.

Иштта хилла берриг а доьзалх Iедалхойн бIаьргаш чохь радикалаш. Ткъа иштанаш цкъа а ца буьту урхаллаша тергамза.

"ВахIабхой ду аьлла, цIе тIечIагIйича, ийгира тхуна тIе кхиболу баланаш а. Сан кIентан парггIат балха ваха йиш яцара, гIалара ара а ваьлла, блок-посташкахь машенах хьуьйсура, сахьташкахь латтавора иза новкъахь. Нус а ца юьтура шен болх бан. Иза берийн бешахь яра, цига полици лелара, хоьттура куьйгалхочуьнга цунах лоций. Оцу хьолахь кхераеллачу берийн бешан хьаькамо дIаяьккхира нус балхара. Школехь доьшуш волу Мохьмадан воI а вара кест-кеста полице вуьгуш. И кIант дешна ма ваьлла, шен дозалца Мисара дIавахара Мохьмад», - дагалоьцу Камилова Аринас.

Зудчунна ца хаьа, хIун хилла Мохьмадах а, цуьнан доьзалх а Мисарахь: наггахь тухуш хилла телефон еттар а юкъахделира церан. Несан гергарчаьргахула хиина Аринина хилларг: массо а бу Иракъехь набахти чохь бохкуш. Хууш дац кхин хIумма а.

Лурчах дара Мохьмада нене Туркойчуьра телефон тоьхча: цо доцца хаийтира ша доьзалца Стамбулехь вуйла. Шаьш документаш а доцуш дисина, сихха ахча дезара, 500 доллар даийтахьара шена цигарчу шен цхьанана къостан цIарах, аьллера нене кIанта. Аринас нахера а даьккхина, хьажийра Мохьмадна ахча.

Бутт хьалха кхайкхина Арина полице дуьххьара. Цигахь цуьнга аьлла, терроризмна ахча латторна шаьш бехкейо иза, цо ахча хьажор бахьана долуш, Туркойчохь эккхийтар дина террорхоша. Амма цкъачунна иза теш бен яц талламчаша гIаттийначу девнехь. «КIентах дерг суна хIинцца полицера бен хиина дац, иза а, цуьнан берриг доьзал а БагIдадехь набахти чохь бу боху», - элира Аринас.

Камиловах кестта йийр хир ю «террорна ахча латтийнарг», цкъачунна иза кIелхьара йоккху цуьнгарчу хьоло – иза профессионалан доьшийлехь хьехархо хиларо, цигахь иза лоруш хиларо, амма «иштта шайн тергаме воьжна стаг цхьа терроран хьожа-мода тIе ца хьарчош, маьрша ца вуьту Кавказехь», боху адвоката Гусейнов Гусейна.

«Дагестанехула йолчу Талламан комитетан урхаллера комментари эца аьтто ца баьлла «Кавказ.Реалиин» цкъачунна.

Дагадаийта догIу дIадахначу кIиранах Дагестанехь ши зуда лаьцна, царна бехкедо ДАIИШ-ерчу тIемалошна миллионашкахь ахчанаш кхехьийтар. Оцу шинна Шемара террорхой интернетехула бевзина, чIагIдо талламчаша. «Радикалан кхетамца ехачу шина зудчо тIеэцна шайга дина дехар – терроран организацешна нахера ахчанаш лехьийина цара», аьлла бу Дагестанерчу талламан урхалло баржийна хаам.

*Материалехь буьйцучу нехан цIераш хийцина ю церан лаамца

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG