ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн «Э» центран буьйранча вер: чIир эцар я кхин бахьана?


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт
Загидова Марьям

Экстремизмна дуьхьаллаьттачу ГIалгIайчуьрчу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а верца доьзна Эккажакъонгий-Юьрта баьхкинчу Iедалан нийцкъаша лаьцна 4 стаг.

Зулам динарш БатIал-Хьаьжин мурдаш хиларх йолчу шеконца деана Iедал оцу юьрта. Вежарий байинчех хила тарло аьлла, массарел а хьалха цIеяьккхинарг ву Картоев Къурайш – иза лаца аьтто ца баьлла цкъачунна – ведда, къайлаваьлла Туркойчохь, аьлла хета талламчашна.

Маршо Радионо яздина ма-хиллара, ГIалгIайчуьрчу «Э» центран буьйранча Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан Москвахь лор Iийна ваша Ахьмад а вийна Москвахь бутт гергга хьалха. Уьш байина хила тарлуш яьккхина 46 шо долчу Картоевн цIе. Москварчу Басманный кхело бинчу сацамца лаьцна ларалуш ву иза, ведда лелахь а. Лаха кхайкхийна Интерполехула.

Ши верси ю ЭльджаркиевгIар, аьлча а, «Э» центран куьйгалхо ИбрахIим верца туьдуш: БатIал-Хьаьжин мурдашца довдалар; «Э» центро хьийзийначу наха я церан гергарчара бекхамбар.

«Амма «Э» центро саца-м ца дина нах хьийзор»

Эльджаркиев куьйгаллехь волчу юкъанна цхьа арз бен дац бакъоларъечу «Мемориале» кхаьчна.

"Боксер Хамхоев Альберт хьийзор делира гIара. Цуьнан гергарчара дира тхоьга арз. «Э» центро лаьцнера Альберт, цигахь цунна гIело а йира. Бехктакхаман дов дара оцу хьокъехь айдина, бехкениг а вара къастийна – цигара белхахо. Амма кхидIа дина хIумма а дац талламо. Делахь а, олийла дац тхан билггал, хьанна новкъа хилла Эльджаркиев ИбрахIим. Иза талламчийн болх бу», - аьлла хета «Мемориалан» меттигерчу офисан куьйгалхочунна Акиев Тимурна.

Экстремизмна дуьхьаллаьттачу центран белхошна аьрзнаш даима деш лаьтта, билгалдаьккхира «МАШР» юкъараллин хьалханчас Муцольгов Мохьмада. «Хьалха «Э» центрехь куьйгалла дина Хамхоев Тимур а, цуьнан куьйга кIел хилла массех белхахо а набахти токхуш ву тахана. Дукха хан йоццуш мукъаваьккхина царех цхьаъ. Даржо лучу бакъонел совбовларна а, наханна тIехь къизалла яллорна а, махкахойн хьал ницкъаша шайна доладерзорна а, кхидолу зуламаш лелорна а чубоьхкира уьш. Амма царна дина таIзар тIех буьйда дара. Дукха наха аьрзнаш дора шаьш хьийзорах лаьцна. ТаIзарна кIел кхачийнарш бацара Хамхоев Тимуррий, цуьнан массех накъосттий бен. Амма Эльджаркиев волчу хенахь а ца совцура «Э» центрна цуьнан белхахойн къизахьийзар бахьанехь бахархоша ден аьрзнаш. Аьр вай, спортхо Хамхоев хьийзор, Несарара Албогачиев Iабдул-Маликца харцонаш лелор… . Цундела ала дац, «Э» центро дитина нах хьийзор», - боху Муцольговс.

БатIал-Хьаьжин мурдийн бехкам?

2018-чу шарахь Несара юккъехь герзаш диттина Белхароев ИбрахIим вер дагадаийтира Муцольгов Мохьмада.

Цул тIаьхьа дукха хан ялале туьйхира герз машенахь воьдучу Эльджаркаев ИбрахIимна - иза Нохчийчохь Даудов Мохьмадца цхьаьна а кхетта, шен цIа юхавоьдучу новкъахь. «Э» центран буьйранчина чов бен ца хилира, велира цуьнан ханера цхьаъ.

Талламан комитетан белхахошкара яьржинчу информацица, Эльджаркиев пхьа бокхуш вийна хила тарло чIирхоша.

«Амма и верси юхьаръэцча, чIир дIахьахош хуьлу юьхьанца, хуьлу цIе а йоккхий, стаг хьанна дуьхьал вуьйш ву хоуьйтуш. Наханна хьалха тоьшалла а даладо, хьан мила вийна хоуьйтуш. Ткъа дац иштаниг дина, суна хууш. Талламо тидаме эца еза чIирах йолу шеко а, балхаца доьзна иза вийна хила тарлушдерг а», - элира Муцольгов Мохьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG