ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Чохь юург ца хиларна арабуьйлу дукхахберш"


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:49 0:00

Нохчийчохь карантинан низамаш дохийначу зударех жоп лур ду церан цIийнах болчу божарша.

Мехкан масех ярташкарчу урамашкахь карантинан раж ца ларъен зударий сецош бу бохуш, дуьйцу Нохчийчуьрчу бахархоша.
Да, я ваша, мила ву божарех шун кертахь бохуш, хоьтту урамашкахь нисбеллачу зударшка аьлла, дийцина Соьлжа-гIаларчу а, ЧIулгIа-юртарчу а бахархоша.

Иштта ватсапехь меттигерчу группашкахь а даржийна нохчийн полицин эпсаран дIахьедар. Цо а боху, нагахь санна, карахь дIасаяха бакъо йоцу зуда урамехь сацаяхь, цуьнга иза ехачу меттигах жоп лучу полисхочун (участковый) цIе хоттур ю, тIаккха цуьнгахула зудчун гергарчу нахе девр ду шаьш.

Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада инстаграмехь шен йоьдучу эфирехь кхетийра, нохчийн Iадатехь зудчунна тIекховда бакъо цахиларна, декхаре хилла шаьш иштта хьесап дан аьлла.

"Зудчунна а, боьршачу стагна а юкъахь йолу леларан кеп евза зударий, бетах масканаш а, дIасаяхан кехатан бакъо а йоцуш, паргIат гIалахула шен гIуллакхаш деш, дIасалела. Наной, йижарий, и хаза дац. Нагахь санна, боьршачу стага аьлларг вайн даим а чекхдолуш хиллехь, нагахь санна, шайн чуьрчу божаршка ладогIуш хила аьлла, Дала а тIедиллина хилча, аш лелориг товш дац", - боху Даудовс.

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле "Кавказ.Реалии" портало хаьттича, цара бакъ ца дира зударий сецош бу бохург.

Бакъду, дIасаваха лучу кехатца-бакъонца дерг а - цхьа маьIна долуш дац. Масала, Соьлжа-гIаларчу Ленинскан кIоштахь туька йолчу цхьана цIа чохь петар ю Фаризас лаьцна. Пандеми яьржинчу кху хенахь аьтто бу боху цо, туька уллохь хиларна. Нохчийчуьрчу оперативан штабе телефон а тоьхна, шена чу-араяла бакъо яккха гIоьртира иза. Амма аьтто ца хилира.

"Даим а мукъа ца хуьлура уьш, телефонна жоп дала. Тхан цIачохь коьрта йолчуьнга кехат дийхира ас сайна. ХIусам чохь бехачийн тептар ду ша лелош аьлла, хьем ца беш, ас лаьцначу петаран долахочун, боьршачу стеган цIарах кечдина, документ делира цо соьга.
Оцу бакъонца, сан йиш ю кIиранчохь кхоазза шишша сахьтана чуьра араяла. Амма цунах суна гIо ца хуьлу, хIунда аьлча, Iуьйренан хан ю цу тIехь билгалъяьккхинарг, ткъа цу заманчохь со наб еш хуьлу".

Карантин йохорна ун долуьйту?
please wait

No media source currently available

0:00 0:05:24 0:00

Мэрин сайта тIехь Iораяьккхинчу телефонца, "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто масийтта сахьтехь горгали хьийзира. Амма автоматикехь хIоттийначу озаца, абонент цхьанца къамел деш ву олура.

"ЦIахь яахIума цахиларна арабовлуш бу дукхахберш, - дуьйцу Соьлжа-гIаларчу Лизас. - Нахарташ яха гIерта тхо. Масала, интернетехула сайн бедарш йохка йолаелла со. 4 бер ду сан. Жимахдолчу 3, 7 шераш долчарна карантин йоьдучу юкъанна хIора баттахь пхиппа эзар сом ахча дала декхаре бара. Iедало дIахьедира, чохь Iашшехь кехаташ интернетехула вовшахтоха таро ю шун аьлла. Амма къинхьегаман министраллан сайта тIехь аьтто ца болу уьш кечдан. Телефон тоьхнера ас цаьрга, хьо ехачу кIоштарчу "сихаллин линица" (горячая линия) зIене яла элира соьга. Цигахь жоп луш стаг а вац. ХIоразза а со ара мел йолу, минаш йоьхкинчу майданахь санна йоьду со, хIинций-хIинций лоцу-кх со бохуш".

Республикерчу къинхьегаман министралло чIагIонаш йо, коронавирусан эпидеми иккхинчу кху муьрехь бахархошна гIо латтош ду шаьш бохуш.

"Коронавирусца къийсам латторах лаьцна тIаьххьарчу шен вистхиларехь Путина мел аьлларг кхочушдеш схьадогIу тхо. Зазадоккху-бутт карабеачхьана официалан балхах воьхначу массо а стагана луш ахча ду - 12130 соьман барамехь. Балхах боьхначу дайн-нанойн хIора берана кхоккха эзар сом ду хIора баттахь церан чоьта тIе доккхуш. Ткъа кхиндерг штатан режимехь деш ду, субсидеш а, кхиндолу ахчанаш дIадалар а. Цу кехатийн хан чекхъяьлла, юха документаш кечдан дезачеран аьттонна, ГIадужу-батте кхаччалц дIадахдина кехаташ чудалар. Цхьа а цхьанхьа а ваха оьшуш дац", - аьлла министраллан векало.

Ткъа 3-7 шаре довллалц хан йолчу берашна лур ду аьлла кхайкхийна ахча Стигалкъекъа-беттан 20-чу дийне кхачале дIалур долуш ду, элира хьукматан белхахочо.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG