ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат: боцу бехк тIехьерчабо ИбрахIимна


Гайтаман сурт
please wait

No media source currently available

0:00 0:03:07 0:00
Линкана тIе

Украинехь депутат верах йолчу шеконца лаьцна латточу нохчочо мацалла кхайкхийна

Шегарчу документашца Оьрсийчоьнан вахархо ларалучу 30 шо долчу нохчочо Шахгириев ИбрахIима мацалла лаьцна ду 19 де. Ша ханна чохь кхобучу Киеверчу изоляторера я араваккха, я талламан изоляторе хьажаве, боху цо. Цунах лаьцна дийцира "Кавказ.Реалиига" Шахгириевн адвоката Абрамчук Дмитрийс.

"Прокурорийн а, полицин а таIзарна бухара ваккха ша, аьлла, кхайкхийна цо мацалла", - боху Абрамчука.

Низамо кхаа дийнахь-буса бен ца кхачаво лаьцнарг хенан изоляторехь латто, ткъа шен клиент цигахь талламчин сацамца цхьа бутт ах бутт токхуш ву, элира адвоката.

Хенан изоляторехь, талламо бахарехь, Шахгириев кхобу иза "шатайпа зулам дина" стаг хиларна. "Цунна дуьхьал дуккха а доцург кхоьллина: оьккху коьчал лелор, долахь граната карор, амма иза лоцуш болхбина видеокамераш талламчаша дIаяьхьина, гойтуш а яц. ИбрахIима шега полиграф тIехь тоьшалла дайта, ткъа граната дактилоскопин экспертизе хьажае, боху, цунна а реза ца хуьлу талламчаш", - дуьйцу адвоката Абрамчука.

Цо бахарехь, Шахгириевс шена ша чохь валлочу меттехь марханаш кхаба аьтто бац, ша Киеверчу №3 изоляторе дехьаваккхар доьху. Юьйцучу изоляторехь ши чоь ю бусалба нах чохь латтош, цигахь ша хуьлийла лаьа нохчочунна.

Хьалхо динчу кхечу зуламна а во талламо Шахгириев бехке – 2019-чу шарахь Киев кIоштан депутатана Соболев Вячеславна, цуьнан кIант а вуьйш, кIелоярна. Талламо дийцарехь, Шахгириевс патармаш делла хилла депутат вен йолчу Iалашонца карабин тоьхначу стаге.

Адвоката Абрамчука дийцарехь, Украинин малхбалехь сепаратисташна дуьхьал тIом бинчу 19 шо долчу жимачу стагаца цхьаьна депутат вен араваьлла хилла боху Шахгириев талламо. Амма тоьшалла деш дац цхьа а хIума – оцу жимачу стага бохурггий бен.

"И жима стаг оьмар кхачаяллалц набахтехь кхаба кхачош ву, цунна тIеIаткъамаш бо талламчаша. Ша левеш дечу къамелехь галвуьйлу иза хIоразза а, цхьа а уьйр яц цо далочу тоьшаллашкахь", - билгалдоккху Абрамчука.

Шахгириев цхьаннех а лечкъаш а воцуш, итт шо ду Украинехь веха, тIамехь хилла а вац, чIагIдо адвоката.

Депутатана тIелатар кечдинарг ву Нохчийчуьра схьаваьлла Абуев Юсуп, чIагIдо талламо. Официалехь боцчу хаамца, и къайлаваьлла веха Къилбаседа Кипрехь.

Украинехь тIаьххьарчу кхаа шарахь динчу даккхий зуламех массех ду цигарчу Iедало нохчашца дузуш. Зуламхой бу аьлла лохуш бу цхьаболу нохчий, вуьйш бу шайна дуьхьал зулам лайнарш. Масала, 2018-чу шарахь шозза кIелойира Дудаевн цIарх йолчу батальонан буьйранчина Осмаев Адамна, иза лазийра, ткъа йийра цуьнан зуда Окуева Амина.

2017-чу шарахь Киевна юккъехь эккхийтира нохчочун Махаури Тимуран машен, иза велира.

Украинин Радан депутат лаьттинчу Мосийчук Игора Нохчийчуьра схьабевлла нах бехкебира шена вен кIело ярна: цунна еза чов йира, ткъа ши стаг велира. Мосийчука чIагIдо, ша вен нах арабаьхнарг Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам хилла бохуш.

"Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан вийна Австрехь. Бахьанаш хIун хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG