ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Меттигаш биссане а ца бисина, лазархой учешкахь Iохку "


Дагестанерчу Буйнакск гIалин коьртачу дарбан цIийнан травматолога Рашидов Мохьмада довзийтира шайгара хьал. "ЦIечу зонехь" (иштта олу коронавирусах цомгуш хиллачу нахана дарбадечу меттигах) итт дийнахь къа а хьегна, хIинца шен цIахь, изоляцехь, ву иза.

- Муха ду хьал шун дарбан хIусамехь?

- Инфекци йолчу нахана дарба лело кечйина оха тхешан меттиг. Итт дийнахь цкъа хийца а луш, болхбо оха. Итт дийнахь цигахь Iа, итт дийнахь цIахь, изоляцехь, Iа. Карарчу хенахь, балхара хийцавелла, цIахь ву со. Кху муьрехь къахьоьгуш бу цигахь лоьраш-травматологаш, кардиологаш, онкологаш, неврологаш. Оьрсийчоьнан могашаллин министраллин сайтехула COVID-19 цамгарца къийсам муха латто беза хьехна тхуна, уьнах ларлуш, духар тIе а озадой, дIадоьлху-кх "цIечу зоне".

- Дарбан хIусамера меттигаш берш буй дIалецна? Шун цигахь вирус кхетта хилар бакъдинарш бу, я тесташца дерг къастадалаза дерш а бу?

- Пехийн цагар кхеттарг муьлхха а валаво тхуна тIе. Тхуна тIехь ду чувилла везарг а, цIахь дарба лелийча тоьург а билгалваккхар. Иштта ца хилча ца долу, сов йоьттина ю цомгушчех дарбан хIусам, меттигаш биссане а ца бисина, лазархой учешкахь Iохку. Реанимацехь бац 8 меттиг бен, цундела мила мел халачу хьолехь ву къесто дезаш хуьлу.

- Шаьш уьнах Iалашдан духар, гIирс тоьий шуна? ГIо кхочий арахьара, сагIанаш дечу фондашкара?

- Дефицит хаало. Мехкан могашаллин министраллица цхьаьна могIарчу бахархоша а гIо до тхуна, шайн ахчанах оьцу тхуна уьнах ларден духар. Фондашкара а кхочу сагIанаш. Иштта дацахьара-м, тхан юха-юха дуьттуш, кхехкош лело дезар дара и духар. До гIо ца хеддаш фондаша а, наха а, тхоьгара доккха баркалла ду царна.

- Къона пациенташ дукха буй?

- Хенара нах алсам бу. Кегийчара атта лов инфекци, бакъду, наггахь цамгар генаяьлларг а хуьлу царалахь. Къонанаш вирусо 50% пехаш дIалаьцча балабо, сатураци охьайоьжча (цIийна хIо ца тоьуш хилча), салоьцучу кхаьчча. Кегийнаш оцу хьоле кхаьчча а бахало кIелхьара. Со теш а волуш, уггаре къона валар дара 45 шо кхаьчначу цхьана пациентан, амма шекар ца тоьу цамгар яра цуьнца.

- Вирус ца яржийта хIун лело деза аьлла хета хьуна?

- Цхьаъ делахь, нах ярташкара ярташка цалелар. Иштта ца хилча, лоьрашка тергал ца дало меттигера хьал. Шайн юьртара массо а нах бевзачу медикашна атта хир ду, мила цомгуш хилла, мила товелла, мила Iалашван веза хаа, цуьнга тIаккха бен хадалур яц уьнан зIе.

ШолгIа делахь, вайн республикехь территори деа декъе екъна ю лоьрашна. ХIора декъа тIехь схьаелла еза тIеман лазартнеш, цара гIодийр ду кIоштарчу дарбан хIусамашна цомгушнаш чубохку меттигаш совъяха. Цу тIе, масала, аппендицит я инфаркт адамашна хилар а ма даций кху муьрехь цхьаммо а юхадаьккхина.

- Коронавирус кхеттачара дарбан хIусамаш дIалецна хиларо Iаткъам бой кхечу цамгарша хьийзочу наханна, царна дарбадойла хуьлий?

- Iаткъам муха ца бо? Дера бо. Операцеш ян хьалхе дуьйна къастийна болу нах, иза ца йича цабовлурш ХIинжа-ГIала кхачо ойла яра юьхьанца. Амма шахьарара дарбан хIусамаш цIеххьана юьзина коронавирус йолучара. Иза къайле яц.

- Дукхахболчарна хетарехь, Дагестанехь уьнах цомгуш хиллачийн терахь официало бохучул лакахара ду Iара къамел дечу хенахь 2 086 ун лаьцнарг, 13 велларг – ред.). Хьо теший официалан статистиках?

- Цунах теша хала ду. Логико гойту бакъдерг. Ахь тест йоккху, иза талла дIахьажайо, жоп кхачаре итт дийнахь хьежа веза. Оцу итт денна юкъахь пациент чIагIвала а тарло я иза вала а тарло. Веллачун дакъа гергарчара дIахьо, медицино валарх къастийна бахьана а доцуш. Аьлча а, официалехь тIечIагIдина ца хуьлу стагаца коронавирус хиллийла, цундела лахара ду Iедалан терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG