ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донецкерчу изоляторехь латтош ву MH17 "Боинг" чудаийтарца доьзна лоьху "Крот"


Шех "Донецкан халкъан республика" олучу Донбассан декъа тIехь, Донецк-гIалахь, меттигерчу ницкъхоша лаьцна латтош ву 2014-чу шарахь Нидерландера Малайзе доьду кема дохорца доьзна лаца кхайкхийначу веаннах цхьаъ – Харченко Леонид. Иштта хаам баржийна Би-Би-Си корпорацино.

2014-чу шарахь «Крот» цIе лелош хилла Харченкос ша тIемалошца латточу зIенехь. Оьрсийчоьно тIекарлоечу Донецкерчу сепаратистийн тIеман тобан коьртехь хилла иза хIетахь.

Би-Би-Си-н хаамца, Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь иза лаьцна Донецкехь, ткъа Стигалкъекъа-беттан 8-чу дийнахь дIаяхйина цунна лаьцна кхаба кхайкхийна хан. Донецкерчу изоляторехь ву Харченко.

Хаамийн корпорацин хьасташа бахарехь, иза бехкево, низамехь а доцуш, нехан цIийнах хьежарна а, бакъо а йоцуш, шеца герз лелорна а. Амма Би-Би-Си-на информаци елларш тешна бу Харченко Украинин къайлахчу сервисе ца лацийта лелаен таьжгенаш уьш хиларх. Стохка Киеван аьтто белира сепаратистийн карахь болчу махкара кема дохийначех цхьаъ, Цемах Владимир, кара а вина, лаца. (Бакъду, йийсархой хуьйцуш, мукъаваьккхира иза, амма Оьрсийчуьра юхавеана, боху, Донбассе).

2015-чу шарахь Украино кема дохорца доьзна бехк тIе а хьош, лаца кхайкхийра Харченко. Зулам толлучу дуьненаюкъарчу талламчийн тобан балханна тIехьожучу Нидерландин прокуратуро 2019-чу шарахь иза зен кхачийра лайнер дохош а, цунна чохь хилла 298 стаг вуьйш а дакъалацарна. Харченко воцуш, кхин а кхаа Оьрсийчоьнан вахархочунна дуьхьал ду кема дохорах долу дов – и нах а бу юьйцучу заманахь Донецкерчу сепаратисташна юкъахь лелла.

Шех "Крот" а олуш, тIаьххьара нахана иза хезна 2015-чу шарахь, цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дацара. Цхьана муьрехь иза Оьрсийчохь Iийра, тIахьо юхавеара Донецке, боху Би-Би-Си-н хьасташа.

Талламчийн цхьаьтоьхначу тобано (JIT) бахарехь, "Боинг" чудаийтина болу Оьрсийчуьра ракетийн "Бук" гIирс Донбассе кхачош дакъалаьцна Харченкос.

Нидерландехь Зазадоккху-баттахь йолаелла кхел. Бац цигахь дакъолуш Харченкон векалш, ца лоцу дакъа кхечу шина бехкахочун, сепаратистийн иччархойн буьйранчин Дубинскин Сергейн а, тIемалойн тобан куьйгалхочун Стрелков (Гиркин) Игоран а агIонаша а. Баьхкина кхеле бехкебечех воьалгIачун, Пулатов Олеган, адвокаташ.

  • 2014-чу шеран Товбецан-беттан 17-чу дийнахь чудаийтинчу кеманца велира 298 стаг, шайх дукхахберш Нидерландера а болуш. "Боинг" чудожийна Оьрсийчуьрчу тIеман декъера Украинан малхбале кхачийначу "Буко", аьлла бу дуьненаюкъарчу талламчийн тобано бина сацам. Кема чудаийта буьйр хьан дина, хьан иза кхочушдина цкъачунна хоуьйтуш дац, официалехь бехкевийриг 4 стаг ву, шайца Харченко а волуш. Москвано официалехь бакъ ца до ша цхьана кепара зуламан декъахь хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG