ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн хиллачу шина тIемалочунна хенаш кхайкхош ю


2000-чу шарахь Басаев Шемала куьйгалла дечу тобанахь Нохчийчохь Оьрсийчуьрчу эскархошна тIелатар дина аьлла, лаьцна латточу Дудиев Нажмудинан а, Донашев ИбрехIиман а хьокъехь шаьш бина сацам дIакхайкхор бу тахана Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу тIеман кхело. Цу шина стагана бехке дуьллуш ду бандитизм лелор а, тIеман гIаттамехь дакъалацар а, Оьрсийчоьнан тIемангIуллаккхой байа гIортар а. "Новости" агенталло бина цунах хаам.

Талламчийн версица, Нохчийчуьрчу Улус-Кертана гергарчу хьуьнхахь хиллачу тIамехь нохчийн тIемалоша, шайлахь Донашев а, Дудиев а волуш, вийра 84 Псковера десантхо, кхин виъ, чевнаш хиллехь а, дийна висна кIелхьарваьллера.

Соьлж-ГIалара ши вахархо Дудиев а, Донашев а лецира 2018-чу шарахь Лахьан-баттахь. Стохка ГIуран-беттан 11-хь хиллачу кхелан кхеташонехь Оьрсийчоьнан хиллачу кхаа эскархочо дийцира 2000-чу шарахь Улус-Кертана гергахь хиллачу тIамехь шаьш дакъалацарх. Амма цара даре ца дира Дудиев а, Донашев а Басаев Шемилан тIемалой бу бохург. Цу шинна билла цхьа а бехк бац шайн элира цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG